ТIекхочийла долу линкаш

Емельяненкос емал дина Соьлж-ГIалахь бераш летийтар


Оьрсийчоь -- Ийна ТIеман Исбаьхьаллан Оьрсийчоьнан Кхеташонан президент Емельяненко Федор, Москох, Охан.19, 2016

Оьрсийчоь -- Ийна ТIеман Исбаьхьаллан Оьрсийчоьнан Кхеташонан президент Емельяненко Федор, Москох, Охан.19, 2016

Ийна ТIеман Исбаьхьаллан Оьрсийчоьнан Кхеташонан президенто Емельяненко Федора Кхаарин дийнахь емал дина Соьлж-ГIалахь "Grand Prix Akhmat-2016" Дуьненаюкъара турнирехь бераш дакъалоцуш летарш. Цо дийцарехь, гойтуш латарш санна иза дина хиллехь а, бераш баккъалла а леташ дара.

Емельяненкос чIагIдарехь, бераш летира цуьнах шен болх а бина леташ болчу 21 шо кхаьчна болчу спортхойн барамашца. Цо мегар дац элира 12 шо кхачаза долу бераш хьовсархой санна латаршка хьажа чудита.

Шинарин дийнахь Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнан Кадыров Рамзанан кхо кIант (10 шо долу Ахьмад, 9 шо долу Зелимхан, 8 шо долу Адам) туьйлира Соьлж-ГIалахь турнирехь леташ. Цунах лаьцна хаам баржийра Кадыровс шен Инстаграммехь йолчу агIон тIехь.

Ийна тIеман исбаьхьаллан кхеташонан латаран низамашца къовсадаларшкахь дакъалаца буьту 12 шо кхаьчна кхиазхой. 16 шо кхаьчна боцучу кегийрахоша леташ лаза ца вайта лело деза леррина духар.

XS
SM
MD
LG