ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Соьлж-ГIалахь бераш латийтарна критика йиначу Емельяновна оьгIазе жоп делла Делимхановс


Нохчийчоь -- Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнан хьехамча, Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думан депутат Делимханов Адам, 2016
Нохчийчоь -- Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнан хьехамча, Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думан депутат Делимханов Адам, 2016

Ийна ТIеман Исбаьхьаллан Оьрсийчоьнан Кхеташонан президенто Емельяненко Федора Кхаарин дийнахь емал динера Соьлж-ГIалахь "Grand Prix Akhmat-2016" олучу дуьненаюкъара турнирехь бераш летийтар.

Кадыров Рамзанан гергарчу стага, Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнан хьехамчо, Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думан депутато Делимханов Адама, кхерам а тосуш, оьгIазе жоп делла Емельяновна.

Шинарин дийнахь Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнан Кадыров Рамзанан кхо кIант (10 шо долу Ахьмад, 9 шо долу Зелимхан, 8 шо долу Адам) туьйлира Соьлж-ГIаларчу турнирехь леташ. Цунах лаьцна хаам баржийра Кадыровс шен Instagram-хь йолчу агIон тIехь.

Ткъа хIинца Делимхановс Instagram-чу шен агIонехь бехкаш доху Емельяненкора, иза кIилло ву бохуш сийсаз веш. Кадыровн берашна аьллачу хIора дашах "жоп дала дезар ду иза динарг милла велахь а" аьлла дерзийна шен йоза Пачхьалкхан Думан депутато Делимхановс.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG