ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Песков: Низамаш лардон органаша тидам баy беза телевизионехула бераш летар гайтарна


Оьрсийчоь -- Оьрсийчоьнан президентан зорбанан секретар Песков Дмитрий, 2016
Оьрсийчоь -- Оьрсийчоьнан президентан зорбанан секретар Песков Дмитрий, 2016

Низамаш лардон органаша тидам тIебахийта беза телевизионехула а гойтуш бераш летарна, аьлла дIахьедар дина Оьрсийчоьнан президентан зорбанан секретаро Песков Дмитрийс.

Бер тоьхна кхетамчура даккхар (нокаут) тIехула тIе иза телевизионехь а гойтуш бахьана ду хьакъ долчу органаша таллам барна аьлла Песковс журналисташка.

Оьрсийчоьнан берийн бакъонашкахула йолчу омбудсмено Кузнецова Аннас дIахьедар дина, ша таллам болийна аьлла Соьлж-ГIалахь бераш летийтар хьокъехь. Кузнецовас «Медуза» агенталле бинчу хаамца, цо хаттар дахьийтина хилларг хьокъехь Нохчийчохь волчу берийн омбудсмене.

Шинарин дийнахь Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнан Кадыров Рамзанан кхо кIант (10 шо долу Ахьмад, 9 шо долу Зелимхан, 8 шо долу Адам) туьйлира Соьлж-ГIаларчу турнирехь леташ. Цунах лаьцна хаам баржийра Кадыровс шен Instagram-хь йолчу агIон тIехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG