ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь суьдхочунна йиттина парламентан спикеро


Нохчийчоь -- Нохчийчура парламентан спикер Даудов Мохьмад, 2016
Нохчийчоь -- Нохчийчура парламентан спикер Даудов Мохьмад, 2016

Нохчийчоьнан Лаккхарчу кхелан куьйгалхочуьнан декхарш кхочуш деш волчу Мурдалов Тагирана йиттина республикан парламентан спикеро Даудов Мохьмада.

"Кавказ.Реалии" сайтан хьосто бинчу хаамца, Нохчийчохь "Лорд" цIарца вевзаш волу Даудов, шеца 10 машенахь нах а балош, веана хилла Мурдаловн белхан меттиге. Суьдан гIишлонна 40 сов стаге го а лацийтина Мурдаловн кабинетана чу вахана иза.

Балхара дIавала бохуш Мурдаловна йиттина Даудовс а, цуьнан гIаролхоша а.

"Кавказ.Реалии" -но дийцарехь, Соьлж-гIалара лоьраш реза ца хилла Мурдаловна йиттина хилар документашца тIечIагIдан. И бахьана долуш суьдхочо дехар дина шегахь долу хьал дуьйцуш кехат кечдахьара аьлла Нохчийчура ФСБ-н урхаллан эпсаре.

Хилларг хьокъехь цкъачунна цхьа а официалан комментари йина яц Нохчийчура Iедалан векалша.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG