ТIекхочийла долу линкаш

Iамеркин Iедало бехке йина Оьрсийчоь кибератакаш ярна


Iамеркин Iедало официалан кепара бехке йина Оьрсийчоь Цхьаьнатоьхначу Штатийн президент харжаран кампани дIахьош Демократин партина хакерийн тIелетар дарна.

Кибератакийн барам а, политикан Iалашо хилар а тидаме эцча, жамI дан йиш ю Оьрсийчоьнан лаккхарчу Iедалан векалшца йоьзна организацеш хилла хилар царна тIехьа лаьттарш, аьлла ду Iамеркин чоьхьарчу кхерамазаллин департаменто а, Къоман талламан урхаллан директоро а динчу дIахьедарна тIехь.

Амма Оьрсийчоьнан Iедал нисса дIа бехке деш дац цу документана тIехь.

XS
SM
MD
LG