ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Гуьржийчура парламентан харжамашкахь тоьлуш ю Iедалехь йолу парти


Гуьржийчоь -- "Georgian Dream" "Гуьржийн сатийсам" парти дазбеш ю ша толам баккхар, Тбилиси 08ГIад2016
Гуьржийчоь -- "Georgian Dream" "Гуьржийн сатийсам" парти дазбеш ю ша толам баккхар, Тбилиси 08ГIад2016

Карарчу хенахь Iедалехь йолчу "Гуьржийн сатийсам - Демократин Гуьржийчоь" тоьлаш ю Гуьржийчохь хиллачу парламентан харжамашкахь.

Цу партехьа кхаж тесна 50 гергга процент харжамхоша. ШолгIачу меттехь ю «Къоман цхьааллин болам" парти. Иза яра Iедалехь 2012-гIа шаре кхаччалц.

Кхечу партийн аьтто ца баьлла 5 процент баьерана тIехйовла. Гуьржийчура парламентан харжамашкахь дакъалаьцна 50 сов процент харжамхоша.

Харжамашна тIехьовсуш бара 30 эзар меттигера а, 1500 дуьненаюкъара а тергамхой.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG