ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

БархI стаг вийна Нохчийчохь


Гуьмсан кIоштахь тIемантасадалар хилла полицин а, бевзаш боцучу герзхойн а. ТАСС агенталло бинчу хаамца, вийна 7 стаг. Дийцарехь, церах цхьаъ ву Демильханов Iела. Цуьнан 33 шо ду.

Iедалша чIагIдарехь, герз кхетта лазийна ву виъ Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин эскархо.

Полисхоша таллам бан сацийна хилла ши машен. Царна чохь хиллачу наха герз тоьхна. Байъинарш берриш муьлуш бу къастош ду.

КIиран буса Шелан кIоштахь вийна карийна Къоман гвардин белхахо. И хаам бинчу Интерфаксо дийцарехь, цкъачунна хууш дац муьулуш бу и стаг вийнарш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG