ТIекхочийла долу линкаш

Саакашвили: «Со цигахь хиллехьара, оха атта толам боккхур бара..."


Гуьржийчоьнан парламенте харжамийн жамIаш

Харжамашкахь дакъалоцучу 16 партех Гуьржийн парламенте чекхъялла - кхоъ. «Гуьржийн сатийсам» а, «Къоман цхьааллин болам» а, «Гуьржийчура патриотийн альянс» а. Хьалхара парти, хIинцалца Iедалехь йолу-«Гуьржийн сатийсам» цIе ерг ю.

Цо Парламентехь дукхайолу меттигаш дIалаьцна. 150 декъашхох цуьнга кхочура ю 120 меттиг. 20 сов меттиг дIалоцура ю, хIинцалерачу Iедална оппозицехь йолчу «Къоман цхьааллин болам» цIе йолчу партино. Дисна 10 сов гIант дIалоцура ду, шаьш-шайн цIарах харжамашка баханчу а, халла, 5 процентан зил хадийначу патриотийн партино а.

Иштта ду терахьашца долу хьал. Харжамийн комисси, тIаьххьара ларарш дина яьлча, официала дIахьедар дийра ду, амма жамIашна тIехь иза хаалура ду аьлла ца хета тергамхошна. Хила тарлучу агIора дIабирзира и харжамаш, аьлла Маршо радиога дийцира гуьржийн журналиста Аблотия Тенгиза.

Аблотия: «Саакашвилин партино- «Къоман цхьаалийн боламо» даьхна жамIаш, хир дуй хууш дара. Ма дарра и гIуллакх толлучара олура, цаьрга 25-28 процент бен яьккхалура яц аьлла. Иза хIинца хилла а Iаш дац. Президентан а, муниципалан харжамашкахь а цара, даима оццул йохура.

Церан жамI иштта хир дуйла хаьара. ХIинца Iедалехь йолу партино оццула кхаьжнаша даьхна хилар а тамашийна хIума ду. Цунна дIаделира, оьшучу барамехь цагулдинчу кхечу партийн кхаьжнаш. Цундела, «Гуьржийн сатийсаман» делла кхаьжнаш цунна хила догIучул 10 процент совдаьлла оцу бахьнехь»

Гуьржийчохь дIабаьхьна харжамаш, дукхачу тергамхоша а, ОБСЕ-но а, дуьненаюккъера, кхечу цхьанатохаралша а билгалдоккху, цхьацца кхачамбацаршца а, харцонашца хиллехь а, жамIашна тIехь хаалур болу барамаш бацара аьлла.

Цундела, тергамхоша и харжамаш хилла лору.

Массанхьа санна, шаьш эшна аьлла реза боцуш, цхьаболчу кандидаташа а, партийша а, цхацца дIахьедарш-м до, жамIаш юхалара деза бохуш. И хIума а гена гIура долуш ду аьлла ца хета журналистан Аблотия Тенгизан.

Аблотия: «ХIаъ. Хуьлу иштта а. Ша мел йолчу партеша а иштта дIахьедарш до. Амма хIара ду аьлла совдаьккхина хIума хира дац. Дийца а дийцина дуьжура ду иза».

«Къоман цхьааллин болам»-Гуьржийчоьнан хиллачу президентан Саакашвили Михаилан парти ю. ХIинца а Iедалехь йисина «Гуьржийн сатийсам»-гуьржийн олигархан Иванишвили Бидзинин парти ю. Даима къийсалучу оцу шина агIоно, вовшех бехкеш догIу.

Толам баькхкинарш тахана самукъадаьлла бу. Реза ца хилар халла бен лачкъа а ца луш, иштта дIахьедар дина оцу харжамех хиллачу президента, хIинца Украинера Одессан кIоштан куьйгалхочо Саакашвили Михаила.

Саакашвили: «Билгала хууш ду, со цигахь хиллехьара, оха атта толам боккхура бара. Со цигахь вац. Сан парти ю цигахь. Дуьхьал лаьтташ верг ву, оьрсийн олигарх Иванишвили Бидзина. Иза «Газпроман» акционер ву.

Иза шен хенахь ваийтинера, со Гуьржийчура араваккха. Цуьнан и гIуллакх а хилира».

Харжамийн жамIашка хаьжча, наха кхаж тесна Оьрсийчоьнехьа дог догIучу партина. Иштта хетало иза, амма Гуьржийчохь амал а хилла схьадогIуш ду, политикан ницкъ шозза, низамо ма магадо урхаллехь буьту.

Дукхачу декъан, харжамхойн жигаралла лекха йоцучу оцу пачхьалкхехь, къам дехаш ду, кIезгачу декъо хоржучу куьйгалхошца, аьлла хета цхьаболчу тергамхошна. Цуьнах элира журналиста Аблотия Тенгиза.

Аблотия: «Я программан а, я лидерна а кхаж тесина бац. Иза догдоьхна кхаж тасар дара. Гуьржийчохь иштта даима хуьлуш ду-2 хан йоккхуьйту Iедале. Кандидаташ хIуъа а дийра ду шаьш бахахь а, башхалла яц. Наха иштта кхаж тосу. Юха, Iедалан белхахой а бу гIортор еш.

Царна лууш дац шайн дахар хийца. Кхин дIоггара бахьанаш дацара иза иштта хир дац ала».

Гуьржийчоьнан парламент хоржуш ю 4 шарна. Парламенто доккхачу декъо хаьржинарг хIоттаво премьер-министран дарже. Конституцица цуьнгахь бу Iедалан мукъ.

Президентан дарж, Саакашвили волчу хенахь санна дукха бакъонаш йолуш дац. Коьртаниг, цуьнан аьтто бац, шен омрица, министрийн кабинет дIасахеца.

XS
SM
MD
LG