ТIекхочийла долу линкаш

Карарчу беттан 19-чу дийнахь Францехь цхьанакхетар ца хуьлу Оьрсийчоьнан президентан Олланд Франсуаца. Рейтерс агенталлин хаамашца, францхойн президенто Шемарчу Алеппон кIошташкара хьал бен дийцаредан шен лаам боций хаийтинчул тIаьхьа, Путин дуьхьал ву дийцаршка ваха. Оьрсийчоьнан а, Асадан а эскарша Шемахь дина тIеман зуламаш таллар деха лерина ю Франци Дуьненаюкъарчу кхеле аьлла, информаци Iораяьлла кху деношкахь.

Францин чоьхьарчу гIуллакхийн министро Эйро Жан-Марка, шаьш йийцаре йиллинчу Шемарчу хьолах резолюцина Оьрсийчоьно вето йинчул тIаьхьа, вистхуьлуш элира «шайн президент Путинца цхьанакхетахь а, вац цуьнца безамехь къамелаш дан лерина» аьлла. Хьалхо хаамашкахь дара, Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штаташна Шемахь тIеман зуламаш лелорна Оьрсийчоь бехке хета аьлла.

Пачхьалкхан секретара Керри Джона а дIахьедира, Кремло а, Шемас а маьршачу нахана дуьхьал лелочу ардамийн кхачо йоллуш талламаш бан богIу аьлла.

XS
SM
MD
LG