ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Декхар хьайна тIехь делахь, хьайн цIахь Iе!


Нохчийчура 10 эзар сов вахархо ву пачхьалкхера аравала бакъо йоцуш. И терахьаш далийна Нохчийчурчу кхелан пурстопийн урхалло.

10 эзар сов стаг пачхьалкхан дозанал аравала бакъо ца хилар-кIезга терахь дац цхьана республикан. Низамашца 10 эзар гIуда, я кхидолу декхар хила деза стеган тIехь и декхарш цунна дуьхьал дакха. Иза а, кхелан сацамца хила деза.

Цундела, пачхьалкхан дозанал ара лела нах, сема хуьлу. Шайн дуьхьал даккха мега и хIума дIадерзадо цара сихонца.

Ала догIу, хьуна пачхьалкхан дозанехь гIуда, я декхар ду аьлла некъан хьовзам баьккхича, циггахь ахь ахча дIаделча а, хьо чекхволуьйтура вац. Системан мел лаххара а ши кIира оьшу, ахь дIаделла ахча, чуязъян а, стаг списки тIера дIаваккха а, доцца дийцича, бюрократин машене болх байта.

Нохчийчохь, тахана уггаре а кхоьруш дерг ду гIуда, я кхечу агIора Iедална хьо ахча дIадала дезаш хилар. Цундела, хIора банкан декъан хьалхахь, даима яьккхий рагIанаш хуьлу.

Иштта хьал ду коммунала хьаштех ахча дIаоьцучу меттигашкахь а. Хийла йоккха стаг, я гIора доцу воккха стаг хуьлу, йовлакхан юккъе хьарчина соьмаш вовшах а тухий, касси чу иза дIалуш. Шайга схьало аьлларг, кехатан тIехь язйинарг дIа а ло наха.

Мискачу а, могIарерачу наха, шайна тIехь декхар атта ца дуьту. Хаьа, Iедалца забарш дика йоцийла. Цуьнца къевсича а, шаьш толам боккхура боцийла.

Машенийн гIуданашца боккха кегар бу Нохчийчохь. Хийла машен йоьхкича, керла долахочо иза лелайо, хьалхалерачунна цIарца. Мел дохочу некъан низам жоьпалла, цуьнга кхочу. Даккхий девнаш дийлина меттигаш а ю цу тIехула. ГIалаташца а тIеяздо гIуданаш машенлелархошна, аьлла, Маршо радиога дийцира Соьлж-ГIалара вахархочо Абдулаев Хьамзата.

Абдулаев: «ГIуда, сацийначу меттехь схьало бохура соьга. Ас, кхана дIалура ду, сайгахь хIинца дац аьлча а, могуьйтуш дацара. И гIуда а сан дацара. Машен схьа эцна, ас и гIуда дIаделира, со сеца ца вайта. Урамехь лаьттачу аппарата тIехь, ас ахча дIаделча а, со бази чура дIаволуш вац бохура цара. Карахь лело еза даима квитанци. Ткъа, оцу аппарато квитанци ца лахь хIун дан деза ас?».

Оьрсийчоьнан дозаналла арабовла бакъо йоцучу 10 эзар сов нохчийн, кхечу декхаршна а, гIуданашна а юккъахь йоккха меттиг дIалоцу, цара шайн берашна ца луш долу алименташ а.

Iедалан хьов, хьанна а тIехь декхар далахь, иза дIадала догIуш ду, сиха мел ло-дика а долуш, аьлла дуьйцу меттигерачу диндайшна. Дешначу стага Шарипов Вахьида, иштта элира Маршо Радиога.

Шарипов: «Декхарах лаьцна, Къоръъан чохь цхьа аят ду. Декхар волу стаг, цуьнгахь иза схьадала дацахь, иза готта ма ховзаве, аьлла ду. Ахь цунна иза гечдахь-м, гуттара а хьуна меле дуьллура ду. И декхар схьадала дан а долуш, эхь а ца хеташ лелачу стагаца, кхин некъ бу лело безаш.

Хьо декхар тIехь долуш велахь, хьан буьйсана наб а хир яц хьуна, ян дийнахь тем а хира бац, и декхар дIадала гIерташ валахь. ДIадала иза дан а долуш, дIалуш вацахь-Далла хьалхахь цо къа латош ву».

Лакхахь ма дийцара, декхар тIехь дуьтура долуш бац тахана, могIарера нохчий.

МогIарера боцурш, Iедалца цхьана а ийна, болх бечу, миллионашкахь ахчанаш лелош берш мел-масс стаг ву, кхелан пурстопийн урхалло, декхарш долчарах хаам бинчу списки тIехь-хууш дац.

Царна-м хала а хира дац, дозаналла ара а, чу а бахка.

XS
SM
MD
LG