ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Песков Путинан хьехамча хила тарло


Оьрсийчоьнан президентан Путин Владимиран пресс-секретар Песков Дмитрий дуьненаюкъарчу гIуллакхашкахула пачхьалкхан куьйгалхочун гIоьнча хила тарло аьлла «Коммерсант» газетано, Кремлан хьосташна тIе а тевжаш.

«Коммерсантан» журналистийн информацица, карарчу хенахь оцу гIентахь волу Ушаков Юрий Зазадоккхучу-баттахь цуьнан 70 шо дуьзча, даржера мукъаваккха тарлуш ду. Оцу куьйгалле гIерта Песков воцург а, Оьрсийчоьнан Китайра посол Денисов Андрей а, кхи а масех чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин лаккхара даржхой а аьлла, билгалдоккху «Коммерсанто».

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG