ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

КибертIелетарш долийна Iамеркана Кремло


Iамеркан президентан харжамийн кандидатан Клинтон Хилларин штабан куьйгалхочо Подеста Джона хаамбина, ФБР-о талламаш бийр бу, шен электронан яьшкан догIа дохаран, аьлла. Ах йозанаш Iорадаьхна WikiLiks-о. (йохк-эцарца йозуш йоцу, шайна караеана къайлах информаци зорбане йоккху дуьненаюкъара къаралла).

Подеста тешна ву, шен электронан яьшка ястарна бехке Оьрсийчоь хиларх,шайн Трамп Доналдца йолчу юкъаметтигех пайда а оьцуш. Хьалхо Клинтона а къадийра шеконаш, кибертIелатаршца Iамеркехь дIахьонболчу харжамашна новкъарло ян гIерта Оьрсийчоь, аьлла.

КIайчу ЦIийнан пресс-секретара Эрнест Джоша журналисташка хаийтина, Оьрсийчоьно лелочу бозбуанчаллашна дуьхьаллонаш лоьху Вашингтоно аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG