ТIекхочийла долу линкаш

Савченко: "Сепаратисташ дохкобоьвлла герз айдарна..."


«ДНР» а, «ЛНР» а шайх олучу республикийн 70 % сепаратисташ дохкобоьвлла, шаьш герз айдарна, церан лаам бу Украинана юкъабахка. Европан кхеташонан (ПАСЕ) парламентан ассаблейн кхеташонехь йистхуьлуш дина и дIахьедар Лакхарчу Радан депутата Савченко Надеждас.

Дукха хан йоццуш Донецкан, Луганскан республикийн векалшца дийцаршкахь хиллачул тIаьхьа, дина Савченкос и жамI. Украинан дола «ДНР», «ЛНР» юхаерзор чолхе ду, Савченкос чIагIдарехь, хIора сепаратистийн дакъойн куьйгаллехь оьрсийн эпсарш хиларца. Де хьалха Украинана дуьхьал Оьрсийчоьно латточу агрессех ши резолюци тIеэцна ПАСЕ-хь. Парламентан декъашхоша емалдо ГIирмина аннекси яр а, пачхьалкхан Думе харжамаш цуьнан дозантIехь дIабахьар а.

Кремло долаерзийначу «ДНР», «ЛНР» лаьаттатIехь, ахгIаретIехь адамийн бакъонаш талхорна ПАСЕ-н декъашхоша жоьпалла Москохна тIе теттина. Европан пачхьалкхаша Оьрсийчоьнна дуьхьал яьхна санкцеш кхи дIа яхъяр доьху ПАСЕ-н декъашхоша, Украинан суверенитет юхаметтахIоттаяллалц.

XS
SM
MD
LG