ТIекхочийла долу линкаш

Пачхьалкхан Думан депутаташлара Делимханов Адам дIаваккхар доьхуш кехат зорбане диллина Интернетехь Change.org сайто. Нохчийчохь дIадаьхьначу берийн летарийн хьокъехь Емельяненко Федора йинчу критикца дозу и Iедале яздина кехат. Петицин чулацамехь яздо, пачхьалкхан Думан депутато, «Цхьааллин Оьрсийчоь» партин декъашхочо шогачу кепехь дIахьедина Емельяненко Федоре, «айхьа аьллачух жоп дала дезар ду хьан» аьлла, жаргонан дешнашца.

«Тхуна, Оьрсийчоьнан бахархошна, хета, шен къамелехь талорхочун жаргон лелош, спортан дозалла, дуьненахь а воккха, лераме спортхо сийсазвеш, кхерамаш тийсина стаг хьакъ ца кхочу пачхьалкхан Думехь хила».

Оьрсийчоьнан президенте Путин Владимире дахьийтина кехат. ХIинцале а 18 эзар сов куьйг яздина петицина.

XS
SM
MD
LG