ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн керла Инарла Секретар хаьржина


Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацин инарла секретар хаьржина Португалин хилла премьер-министр Гутерреш Антониу. Керла шо долалуш шен декхарш кхочушдан тIевоьрзур ву Гутерреш. Организацин ассамблейн белхан декъахь 193 пачхьалкх ю. 2016-чу шарахь шолгIа хан чекхйолу Къилба Корейн векал Ги Мун Пан хуьйцу 67 шо долчу Гутерреша.

1995-2002-чу шерашкахь Португалин премьер-министр вара Гутерреш Антониу. Цул совнаха, Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацин Лаккхарчу комиссаран декхарш кхочушдеш, мухIажирийн гIуллакхаш луьстуш вара 2005-2015-чу шаре кхаччалц.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG