ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Манхэттенехь теракташ динчун кхел йолийна


Бахначу баттахь Iамеркан Нью-Джерси, Нью-Йорк штаташкахь цхьа могIа терроран акташ дарна бехкевен 28 шо долу Рахьими Ахьмад Хан Элизабет гIаларчу кхелана хьалха хIоьттина. Лоцучу хенахь чевнаш хиллачу Рахьимис кхелахойн хеттаршна жоьпаш дарбан цIийнан хIусамера видеозIенехула лора.

Цо чIагIдо, шен адвокат хилар а, ша закъалтах схьахоьцург 5 миллион 200 доллар мах хIоттийна хилар а. Масех бутт баьлча, кхелахойн комиссино, шайга кхаьчна кехаташ листинчул тIаьхьа, сацам бийр бу, ду я дац и тоьшаллаш тоъал, Рахьимина дуьхьал бехктакхаме гIуллакх гIаттон аьлла, хаамбина прокуратурано.

ОвхIанистанехь винчул тIаьхьа, Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штаташкахь кхиина ву Рахьими. Бехкевечо, ша радикалан агIонча хиларе терра, Манхэттенерчу Челси кIоштахь иттанашкахь нах лазош, талораш динера, иштта Нью-Йорк, Нью-Джерси штаташкахь кхоъ эккхийтар дина бохуш, чIагIдо Iамеркан Iедало. Эккхаза йисинчу бомбанатIехь дисинчу пIелгийн таммагIашца карийна талламхошна Рахьми. Т

Iаьхьаяьллачу полицис шолгIачу дийнахь Нью-Джерсирчу Линден гIалахь лецира Рахьими.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG