ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Емельяненко Федорна гIодан лаам бу Кадыровн


Москох Емельяненко Федоран 16 шо долчу йоIана тIелатардинчунна шога таIзар дан догIу аьлла, кхайкхамбина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Оцу зуламна тIекхиарехь аьтто бан тIелоцу ша аьлла, дIахьедар до Кадыровс.

Бутт болалуш Соьлж-ГIалахь дIадаьхьначу Grand Prix Akhmat-2016 летаршкахь мехкан куьйгалхочун кхаа кIанта а лецира дакъа. Оьрсийчоьнан летарийн ММА-н куьйгалхочо Емельяненко Федора Инстаграмерчу шен агIонан пенатIехь летачу берийн сурт а оьллина, критике даьккхинера иза. Цо билгалдаьккхира, оцу спортан низамашкахь дихкина хилар, 21 шо кхаччалц волу латархо дуьхьалонан гIем коьртах доцуш юкъавалар, ткъа 12 шо кхаччалц долу бераш тIехь латархочун бедар йоцуш.

Кадыров Рамзана бехкевира Емельяненко Федор нахалахь леларан оьздангаллин къепе йохорна, йоьдучу турниран суртах пайда а эцна. Шинарийдийнахь тIелатар динера Емельяненко Федоран йоIана.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG