ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ДаIишан идеологино доьзалш хIаллакбо


Венерчу коьртачу кхелан гIишло, джихадхойн дов хоттучу деношкахь даима а хуьлуш ма-хиллара, юхь тIе тутмIаьжгаш йоьхкинчу, герзаш боьттинчу Iедалан леринчу нуьцкъаллин структурийн белхахоша ларйеш яра.

Кхелан гIишлонна чу мел воьдург дегIаца хьожуш а, цаьргара тIоьрмигаш чохь хIун ю хьожуш а бара уьш, ур-атталла молу хи чохь долу шиша а шайца чоьхьа ца доккхуьйтуш.

Цу кепара лакхара кхерамазаллин гIулчаш Iедало яхаро хоьтуьйтура, дов хоттуш берш боккъал а цхьа пачхьалкхана а, халкъана а кхерам болу дера зуламхойн хир бу-кх аьлла.

Амма дов хоттучу чоьна чу лийцинарш чубахкийча, гуш дерш дара 15-16 шераш долу бераш, дукхах дерш юхь тIе чо а баланза, ткъа царех цхьаъ-м сов тIех дIегаца дилх хиларна джихадехь дакъалацар хьовха, меллаша бен шен дегI дIадахьалуш а воцуш хеталора.

ХIетте а луьра бара меттигерчу прокуратурано царна дуьхьал теттина бехкаш – и пхи кхиазхо бехке веш вара Шема а вахана, цигахь ДаIиш тобанах дIакхета Iалашо йолуш хиларна.

Царех цхьаъ, 16 шо долу кIант, даханчу шарахь цкъа Шема ваха ваьллачуьра лаца а лаьцна, иза ханна дукха жима хиларна, арахь яккха масех бутт хан тоьхна дIахецна хиллера кхело.

Цул тIаьхьа амма иза ша юха а Шема ваха кечамаш бина ца Iаш, шен гергарчарна юккъехь 10 шой, 11 шой долу ши бер а шеца джихаде дига кечвелла хиллера, цу шина бере ДаIишо кхоьллинчу халипатехь мел исбаьхьа дахар ду бохург а дуьйцуш, и шиъ шеца дIадан ира-кара а хIиттош. ХIинца кхело 30 бутт хан туьйхира цунна.

Кхин цхьа кхиазхо, 15 шо бен шен доцу, Шема ваха новкъавала кхиънера. Туркочу а вахана, цигахь Газантип олучу Шемарчу дозанехь Iуьллучу гIалихула дехьа а ваьлла, джихадхойх дIакхета гIерташ вара ша аьлла мукIарло дира цо кхелехь.

Амма и цуьнан Iалашонаш кхочуш ца хиллера, Iедале цуьнан дас-нанас орца дехначул тIаьхьа иза Болгари кхаьчна воьдучура лаца а лаьцна, цигарчу полицино Австре юхахьажор бахьана долуш. ХIинца цхьа шой, ах шой хан кхайкхира цунна.

Кхин а ирча дара кхозлагIчу талорхочунах прокуратурано дийцинарг. 15 шо долу и кIант джихадхойн идеологих Iехавелла волу, дикка хан хиллера, шен цIерчаьрца, уггаре а хьалха шен деций, ненаций и идеологи бахьана долуш дов лелош волу.

Шен кIант Шема вахарна кхоьруш даханчу шарахь дуьйна цуьнан паспорт къайладаьккхинчу дех масийтаза латта гIоьртинера и кхиазхо, ткъа рогIера паспорт бахьана долуш дов даьлча, урс даьккхина дена чухьеддера иза.

Тоха цо и урс ца тоьхнехь а, амма корт тоьхна да вожийнера цо. Цул тIаьхьа Iедале кхайкхинчу дас-нанас, кхин цунна да амал а ца хилла, дIалацийтинера иза. Ша лаца баьхкинчу полисхошна а лата чутийсавелла хиллачу цу кIантана кхело ши шой, ах шой туьйхира.

Иштта цхьана шарера кхаа шаре кхаччалца хенаш кхайкхира кхело кхин цхьана 15 шо долчунний, 17 шо долчунний.

Меттигерчу хаамийн гIирсашкахь а, джихадойх болчу аналисташа а вуно йоккхачу гIайгIанца тергалеш хиллачу процессо гойтуш дерг ду, ДаIишан идеологи тIаьхь-тIаьхьа кхин а кегийрахчу берашна боккха тIеIаткъам беш хилар а, цо доьзалш хIаллакбеш хилар а.

Амма и бераш цу хIинца шаьш долчу тIегIанна тIекхачар цхьана дийнахь нисделла хIума дац аьлла тешна ю джихадизм толлуш йолу Австрера социолог Шлаффер Эдит.

Цо дуьйцу, берашна цу кепара радикализаци хилар юкъараллехь а, уггаре а хьалха шайн доьзалехь а цхьа хIума раздоьдуш хиларан билгалонаш ю, бохуш.

Шлаффер:Чохь, доьзалехь долу хьал хазнесанна мехала ду. ХIунда аьлча цу шайн чохь шайна гина а, девзина а долчух буттий ара ма бовлу и кхиазхой юкъаралле.

Вайн заманчохь берашна а, кхиазхошна а атта дац вайн юкъараллехь дIатарбала, шайн даима а цу юкъараллин дакъа санна кхечаьрга тIеэцийта Iалашонца къийсам латтон дезарна.

Дахаран дакъа хила шайна лаарна, шаьш юкъаралло къобалдан шайна лаарна. Вуно чIогIа хала хIума ду иза. Къаьстина хала ду иза мигрантийн доьзалшкара орамаш долчу кхиазхошна.

Австрехь бехаш болу нохчи иштта а бу шайна тIехь и цхьа проблемаш латточу тобан лейбл йолуш.

Цундела а мехала хета суна вай, юкъаралла санна, и проблемаш муьлхарниш ю, уьш мичара йовлуш ю, церан орамаш мичара схьадогIуш ду бохург талла ницкъ вайгахь тоьуш хилар а, нохчашца цхьаьна цу орамийн анализ вай яр а. Проблемаш хиларна тIехь шеко яц, амма уьш йистах яха ницкъ тоа беза вайгахь. Ткъа бераш – уьш доьзалехь а, юкъараллехь а лаьттачу хьолан сеймографаш бу“.

Цу юкъана, Венерчу кхелехь хенаш тоьхначу кхиазхошна юккъехь цIена бакъонца джихадхойн идеологин закъалташ берш хилла ца Iа.

Вара царна юккъехь иштта урамехь садайначу хенахь шен новкъа дIавоьдуш волчу меттигерчу вахархочунна даг тIе урс а лаьцна, цуьнгара ахча чохь долу бохча схьадаккхарна бехке веш волчу 17шо долу кIант а. Ша и талор дечу хенахь цо мохь биттина хиллера, АллахIу акбар бохуш.

Цхьа шой, ах шой хан тоьхна чувоьллина иза джихадца бала боцуш вац, амма шен мекарчу Iалашонна динах пайда эца араваьлла хилла аьлла сацам бира кхело.

XS
SM
MD
LG