ТIекхочийла долу линкаш

Ша Оьрсийчоьнан патриот хилар аьтто баьл-баьллачохь кхайкхош хуьлучу Кадыров Рамзана нийсса ши шо хьалха, шена теле-аьзнис Каделаки Тинас Йотафон совгIатйича, инстаграмехь оьрсийн ю боху и керла смартфон а гойтуш, элира нахе, «дIакхийса айфонаш, эца хIара».

МостагIчунна аьтто а ца беш, шайн пачхьалкхан технологеш айе бохург дара иза.

Амма нийсса шо бен ца делира Италехь дизайн хазъечу Caviar компанига шен, Кадыровн, сурт тIехь а долуш, дешин а, платинан а iPhone 6s арахецийтича. Силаболчу баттахь яьллинера компани смартфоннна кеп кечъеш.

«Рамзан Ахматович – уггаре а харазматикаллечу политикех ву, вуно дукха бахархой бу цуьнгахьа, тхуна мехала дара цуьнан васт нахана ма-довззара дIагайта, » - яздира хIетахь iPhone 6s, «сий долуш, Нохчийчоь, ехийла тхуна» дешнашца кхелинчу компанино. 200 000 соьме кхоччуш бу оцу смартфонан мах.

«ДIакхийса айфонаш, эца хIара» баьхначунна кхетта чам къаргбелла кхушара – деношкахь шеггара суьртех кхелина арахеца йолина оццу Caviar компанино iPhone 7 Plus. Пачхьалкхаш, Оьрсийчоь, Азербайджан, Казахстан, Украина, иштта кхиерш а ю тидаме эцна. Президенташа шайн пачхьалкхийн векалшна дечу совгIатийн кепехь кечйина смартфон. Церан могIара хIоттийна, пачхьалкх йолуш санна, Нохчийчоь а – дешин герб а, мехкан цIе а тIехь арахецна.

Ши шо хьалха, политиках а тесна, Iамеркан букъбош, хазйина йийцина Йотафон йицъелла хIинцале дукхахболучарна. Кадыровс дош а ца аьлла, цкъа шен сурт, тIаккха ерриг а Нохчийчоьнан васт тIе а латийна, iPhone яржорна резавоцуш.

Бакъду, ю кхузахь шен къайле – иза Caviar компаница дозу. Хьал ца хуучунна моьтту, баккъал а Кадыровн, я Путинан (иза тIехь волуш а яржойолийна хIинца айфон) вастех догдуьзина хьийза ЕвроБертан декъашхо йолчу Италера Caviar. Дац иза ишта, италхочо, дешин пхьеро Джакометти Илияс пхийтта шо хьалха кхоьллинчу фирманах стохка дуьйна доладийриг ю Оьрсийчоь.

Facebook Forum

XS
SM
MD
LG