ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Теракташ дина шемахо ирхъоллавелла


Теракташна тIехьа лаьтта аьлла, шеконашкахь кхобу оршотдийнахь Лейпцигехь лаца кхайкхийна шемахо Iамеркан къайлахчу сервисийн гIоьнца каравеана. Welt am Sonntag газетано бина и хаам. Шемахочо телефонехула «Исламан пачхьалкх» шех олучу тобанан векалца дина къамелаш даьстина говзанчаша, оцу зорбано дийцарехь.

Цара дийцаредо оьккхург муха кечъйо а, тIелатаран некъаш а. Шемара схьаваьлла, мухIажир хилла Германе веана жимстаг Iедало лаьцна, набахтехь кхобуш вара. Лацале ши де хьалха Германерчу Хемниц гIалин полисхошна иза вехачу хIусамехь оьккхуьйтург карийнера.

Шинарийдийнахь набахтин хIусамехь ирхъоллавелла лаьцна шемахо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG