ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Муцураев Тимуран иллеш баледевлла


Экстремизмалле леринчу Муцураев Тимуран илеш Интернетехь дIасадаржорна бехктакхаме гIуллакх айдина Нохчийчуьрчу прокуратурано меттигерчу вахархочунна Галаев Омарна дуьхьал. Талламчаша чIагIдарца, дахначу шарахь ВКонтакте социалан машанерчу шен агIонтIехь яржийна Галаевс 2010-чу шарахь Кемеровн кIоштан кхело экстремизмалле лерина Муцураев Тимуран иллеш.

Прокуратуро дийцарехь, кхело Галаевна чохь даккха 15 де-буьйсий, 3 эзар гергга сом гIуда а тоха кхерам бу. Галаев Омара ша бехкехилар тIе ца дуьту.

XS
SM
MD
LG