ТIекхочийла долу линкаш

Нохчийчоьнан Лаккхарчу кхелан дарж мукъадаьккхина


Оьрсийчуьрчу лаккхарчу кхелахойн говзалла айъяран коллегино пачхьалкхерчу масех регионехь кхелахочун дарж муъкахилар, оцу дарже говзанчаш лоьхуш хилар дIакхайкхийна. Ю оцу тептаршлахь Нохчийчоь а.

Кху шеран Стигалкъекъа-баттахь Кадыров Рамзанан омраца, шайн лаамехь дарж дитира Нохчийчуьрчу Лаккхарчу кхелан куьйгалхочо Каратаев Мохьмада а, кхи а кхаа кхелахочо а.

Кадыровс чIагIдарца, цара харцонаш лелош хилла, кхаьънаш оьцуш, нахана ца йогIу хенаш етташ, низамаш талхош хилла. Балахара дIаваьллачул тIаьхьа, шен доьзал эцна махкара араваьлла Каратаев Мохьмад.

Цул тIаьхьа Лаккхарчу кхелан урхалхочун декхарш кхочушдеш вара Мурдалов ТIахIир.

XS
SM
MD
LG