ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Лозаннехь Шемара тIом сацон некъаш лоьху


Шинарийдийнахь Швейцарин Лозаннехь цхьаьнакхета Оьрсийчоьнан, Iамеркан, кхин а цхьа могIа регионийн пачхьалкхийн векалш, Шемара конфликт ерзоран некъаш бийцаребан. Хаамийн гIирсаша бахарехь, дийцаршкахь дакъалаца лерина ю Туркойчоь а, СаIуда Iаьрбийчоь а. Кхайкхина баьхкинчарлахь ву Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн вовшахтохараллан Шемара леррина векал де Мистура Стаффан.

Цара дийцаредан лерина Шемара тIом сацон бина барт юхакарлабаккхар. Гезгамашин-баттахь Оьрсийоьно а, Iамерко а масех баттахь къа а хьегна, конфликтан шина а агIонца маслаIат дира тIом сацош, ткъа оццу беттан 19-чу дийнахь Алеппо кIоштахь гуманитаран ковранна тIелатар дарца машар бохийра.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG