ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Маж стенна юьтуш хилла дайша?


Мекх-маж лелорах доьзна, хIинцачул 30-35 шо хьалха, йоьдуш лекци а йолуш университетехь хилла хIума ду хIара.

Шен къамел деш-ш, аудиторичухула меллаша волавелла лелачу, цу доьшийлехь а дика вевзаш волчу хьехархочо, цхьана маж, мекх долчу студентана юххе нисвелча, охьа а таьIна, аз лахдеш хаьттина: «Хьенех дукха хан юй ахь мекхаш лело?»

-ХIоккхул хан ю стенна бах ахь?- аьлла,хаттаре ваьлла важа а. –Мехкаршна ца хазийта лере а таьIна,хьехархочо аьлла: -Хьо соьга дуй бууьйтуш а ца воллу,дукха мекхаш,мажош а гина суна,бакъду и хьайниг санна ирча, хIатI доцуш маж-мекх гина ма дац суна! Хьайн делдуьхьа цкъа мукъа а, суна тамана алий а, дIацIаньехьа хьайн юьхь!

Хьенеха и элир-кх соьга бохуш ша «куьгбехкечо» дуьйцу хезна суна цунах. Цуьнан лерам бина цо цхьана ханна дIацIанйина а хилла юьхь а, меркIело а.

Тахана и тайпа мажош, мекхаш Нохчийчохь чо болуш мел волчо лелайой- те лелайо. МогIарера кегийрхой боцуш, наггахь низамхо а вац тахана маж йоцуш.

Вайнехан гIиллакх-Iадатехь мел жоьпаллин гIуллакх ду техьа мекх далийтара, маж охьахецар а? Дена, девешина, я къаношна хьалха мел товш я ца товш хIума ду те, ламаст а хилла дIахIоьттина маж-мекх лелор?

Со хьакъ а, бакъ а вуй те хIара лело? И тайпа хеттарш хIинцалерчу кегийрхоша хIиттош дан а дац. Я царна мотттане а мотт а ца моьтту царна жоьпаш лоьхуш корта кегго беза.

ГIеметта хIиттинчу бахархоша, къаноша-м хIети а,вети а тайп-тайпана туьду мекх,маж лелор. Шен хьажам болчех ву СоьлжагIалин кIошт Чечанара туркх Хожа.

Хожа: «Мекх леладар жима стаг шен дегIах бIо а булуш,къонах хиларан билгало хилла. Мекхаш лелош волу стаг жоьпалле а хилла, чолхечу меттигна тIенисвелча озавала бакъо йолуш а ца хилла. ХIара заманаш вайна ма -гарра кегаелла яьхкина. Муьлххачо а леладо тахана маж-мекх.

Шен кIанта а маж йолийча, шен кIант шена дика вевзаш хиларна, цхьана дас аьллера боху, хьо лаа вуй, маж-мекх ма дитна ахь. Уьш лелор модехь ма ду тахана кIанта аьлча, дас аьлла: «Ахь а маж-мекх леладахь дуьне доха герга дахна хьуна, дIалелае ахь!»

Дахарехь зеделлачу баккхийчара ечу къароца наха а лелайой хIара аьлла, лелорхьама маж лелор иза кIезгалла а, заманан кIоргера схьадаьхкина вайнехан ламасташ, Iадаташ цадовзар а ду. Чечанара бусалба ваша Хожа ву дуьйцуш.

Хожа: «Хьалха да дийна а волуш, маж лелор эхье лоруш дара, тахана иза аьттехьа а дац. Маж стенна юьтуш хилла тхан дайша?

Цу хаттарна жоп лехна аса а. Цхьаболчу баккхийчара чIагIдарца 30-35 шарерчу стага маж лелор –иза цхьана агIор тоьшалла а хилла, оцу мажда доьзал а болийна стаг хиларан, доьзалан да вуй хоуьйтуш. Шовзткъара ваьлча маж лелор цхьа гIиллакх санна хIума хилла, ткъа кхузткъара ваьлча, и маж лелор тIедужуш хилла.

ШолгIа, хьо юкъарчу балхана гIатта хьо кийча хиларан билгало а хилла иза. Ткъа тахана кегийчара лелориг эвхьазалла ю»

Маж-мекх лелоран хьокъехь шен хьажам бу Ножай юьртан кIоштерчу Ахматов Iаднана а. Цунна гергахь, тахана хIора а шолгIачу цхьа мода санна кхетош, наха а лелайо-кх бохуш «заздаьккхина лелайо меркIело а, юьхь а. Iаднан ву дуьйцуш.

Iаднан: «Мекх, маж лелор цкъа делахь ша кхиъна ваьлла стаг ву бохург а ду. Шегахь гуьнахь а, доьналла а ду бохург а ма ду иза!. Бакъду, тахана 90% дерриге а моде даьлла. Суна дага а догIуш меркIело цIена лелор вон лоруш хилла, бусалба динца доьзна а доцуш…»

Маж-мекх лелор хьокъехь баккхийчара дуьйцург а, кегийчарна хетарг а а вуно морзах долуш бакъдарг ду.

Ма-дарра аьлча, тIекхуьучу чIурах, цхьа наггахь воцчуьнга цхьана кепара кхета а ца ло маж а, мекх лелоран маьIна.

Уьш лелоро стаг жоьпе вой те аьлла хаьттича, кегийрхой и хаттар динчуьнга лартIахь воцчу стаге санна хьовса дукха хьолахь.

XS
SM
MD
LG