ТIекхочийла долу линкаш

Кху шарахьлера литературехь Нобелан совгIат Iамеркечу эшаршлакхархочунна Дилан Бобана даларо цецбаьхна литератураезархой.

Ма-дарра аьлча, уьш шина декъе бекъна цу сацамо.

Цхьаболчара, хетарехь, доккхахчу декъо мел похIмалле волчуьнан а эшаршлакхархочун байташ цкъа а бакъйолчу поэзин исбаьхьаллин лакхенашка кхочур яц, Боб Дилан цIарна цIеяххана волу исбаьхьалхо велахь а, мукъамийн дуьненахь шен яккха цIе йолуш велахь а, амма литературан Нобелан совгIат хIун дина аьлла лур ду цунна, аьлла хета.

Иштта, масала, Ливанехь вехаш волчу Шемара шемахойн вевзаш волчу поэто Адониса, ала дашна, ша а тIаьхьарчу масех шарахь Нобелан совгIат дала там болчу фавориташна юккъехь ларалуш хиллачу, толамхо цкъа хьалха декъал а вина, тидам бира, цу совгIатан жюрин декъашхой, хетарехь, тIаьхь-тIаьхьа ша шеца оригинале хиларехь къовсалуш бу аьлла.

Ткъа Iарбойн къомах волчу яздархочо Аламеддин Рабиха шен Твиттерерчу агIонна тIехь яздинера, Диланан литературан Нобелан совгIат далар – иза 1953-чу шарахь Черчил Уинстонан изза совгIат делла ша динарг санна Iовдал хIума совгIатан жюрино динарг, аьлла.

Бу амма иштта Боб Диланан дуьненчохь йолчех уггаре а сийдолу литературан преми ялар оригинале сацам хиларна къера белахь а, амма и совгIат цунна догIуш дац олийла дац, аьлла тешна берш а.

Иштта, масала, дуьненна а вевзаш волу литературин Iилманча Рикс Кристофера цу хьокъехь элира Британерчу журналисташка, Диланан и деза совгIат далар нийса а ду, иза цунна хьакъ а ду, хIунда аьлча цо шен кхоллараллехь исбаьхьалин керла агIонаш йоьллу, шайна чохь литература а, мукъамаш а цхьаттерачу тIегIанехь мехала долу, аьлла.

Ткъа мила ву и Боб Дилан, литературан Нобелан совгIатан лауреат?

Уггаре а гIолехь цу стагах лаьцна тхан кху деношкахь хиллачу къамелехь цхьана немцойн журналисткас аьлларг хетало – Боб Дилан иза массарна а вуйла а хууш, цуьнан цIе хазанза стаг а воцуш, амма дIа ойла йича цо хIун локхура, иза мила вара бохург цхьанна а даг ца догIуш волу стаг ву, элира цо.

Дан а ду иштта. Хетарехь, Нохчийчохь а хир вац, мел кIезга а, Дилан цIе йоккхуш хазанза цхьа.

Ткъа 35-40 шарешка я царех тIех бевллачарна-м цуьнан аз а, цхьаццайолу эшарш а ца йовза йиш яц. Масала, хIара „Стигал неI тоха“ филмехь екна йолу изза цIе йолу йиш.

Иза Iамеркехь вина а, кхиъна а ву, 1960-чу шерашкахь популяре ваьлла а ву, шен масех мукъамийн жанрийн синтезехь, амма цуьнца цхьаьна доккхачу декъехь Iамеркахойн къоман мукъамех алсамох пайда а оьцуш йохучу эшаршца.

Нобелан совгIат цунна дала сацам шаьш тIеэцаран бух балош цу жюрин декъашхочо Дэниус Сарас а хьахийра и Iамеркахой мукъамийн ламасташ цо лардеш а, кхин дIа кхиош а хилар.

Цуьнан эшарийн текстийн башхалла а, церан исбахьалла а, чулацам хьахийнча, ша дукха къона волчу хенахь дуьйна схьа тIемашна дуьхьал язйеш а, харцонаш а, политикийн шалхонаш а шен кхоллараллехь емал еш а ву Дилан.

Цуьнан уггаре а евзачех ларамегар долчу „Стигал неI тоха“ эшар тIамехь вийначу жимчу стеган цIарах язйина ю. „Нана, суна тIера погонаш схьаяхалахь, суна уьш кхин оьшур яц, со, хетарехь, стиглан берте кхаьчна. Нана, сан герзаш сан дегIацара дIадахалахь, ас уьш кхи деттар дац“, бохуш дешнаш ду цу юккъехь.

Делахь а, Диланан и преми яларо цецбаьхначех кхета хала дац, номинантийн могIаршлахь дуккхаъчу шерашкахь лаьтташ японхо Мураками Харуко а хилча, абхазхо Искандер Фазил, киргизхо Айтматов Чингиз а и преми кхи ца луш велла а хилча, кхин цхьа могIа баккхийра, дуьненна а бевза яздархой а, поэташ а цу совгIате сатийсар а доцуш бехаш а хилча.

Бакъду амма кхиндерг а - Дилан Боб цхьаццаболчарна поэт я яздархо я хиллане а хьакъ долу исбаьхьалхо хетахь а, ца хетахь а, кху лаьттахь и цхьаъ бен вай а вац, я хъилла а вац, шена Оскар а, Гремми а, Нобел а совгIаташ делла.


XS
SM
MD
LG