ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

БагIдадехь нах байина


Шинарийдийнахь БагIдадехь динчу эккхийтарехь 40 стаг велла, иттаннашна чевнаш йина аьлла, хаамбина Рейтерс агенталло. ГIалин шиитийн кIоштарчу базарахь дина эккхийтар Iожалхочо. «Исламан пачхьалкх» шех олучу тобано шена тIелаьцна зулам.

Хьалхо полицино хадечу купна а, Иракъан пачхьалкхан эскарца тIом бечу суннитийн гIаттамхойн боламан лидеран хIусамна а динера тIелатарш. Оцу теракташкахь вийна 10 стаг.

Товбеца-баттахь а дира БагIдадехь масех лелхийтарш 300 стаг вуьйш, бIеннашкахь нах а лазош.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG