ТIекхочийла долу линкаш

Сепаратист-буьйранчах, Оьрсийчуьрчу Коми махкара вахана, тIемашкахь хиллачу подполковниках Павлов Арсенийх («Моторола») кхаа денна тезет кхайкхийна Украинан долара яьллачу Донбассехь.

Ша Iачу цIачуьрчу лифта чохь эккхийтинчу бомбано вийна иза.

Моторола эккхийтарна Украинера «диверсантийн-иччархойн тоба» бехкейина ша шайх «Донбассан халкъан республика» олучу мехкан хьалханчаша.

Интернетехь видео яржийна Моторола шаьш вийна бохуш къамел дечу, Оьрсийчохь бихкинчу Misanthropic Division боламам байракхна гергахь къамелдечу веа герзахочо. РогIехь вен кхачийна ву Донецкан а, Луганскан а сепаратистийн гонийн ши лидер Захарченко Александр а, Плотницкий Игорь а, боху видеочохь къамелдечара.

Вийначу Павлов Арсенийс цхьа шераш хьалха тIеман корматалла караерзийра Нохчийчохь лаьттинчу тIемашкахь.

XS
SM
MD
LG