ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Моторола вийна: муьлш дукха бу - боьлхурш я боьлурш?..


Моторола вер - Донбассерчу сепаратисташна а, царех доглозучарна а эшам, кхиболучарна - хазахетар. Кхаа денна тезет кхайкхийна Донбассехь подполковник Павлов Арсенийх.

Павлов Арсений, шех Моторола олург, схьахетарехь, Донецкехь гулбеллачу герзахойх, Iедал ду шаьш бохучарах уггаре а вевзачарах вара.

Украинан Iедалша дийцарехь, цаьргахь тоьшаллаш ду цо йийсаре лийцина эскархой шен куьйга байъина хилар а, царна тIехь къизаллаш лелийна хилар а. Моторола вийна аьлла, мосийттаза хаамаш баьржинера кху тIаьхьарчу шерашкахь. Хаалора иза вен цунна тIаьхьабевла нах буйла. ХIинца церан яьллехь а, хьеннан яьллехь а цхьаннан каяьлла иза дан. Шен цIийнан лифт чохь эккхийтина иза. Циггахь хиллачу чевнех велла.

Моторола Нохчийчохь тIом бина хилла ву, цуьнан биографин агIон тIехь бахарехь, хIурдан гIашлойн, оьрсийн маттахь «морская пехота» олучу тIеман декъан юккъехь. Шозза Нохчийчу веъна хилла ву, хIоразза эха шарана а вогIуш, аьлла хаам бо цуьнан дахарах дуьйцучу агIоно. Тергамхойн шеко яц, иза, официала оьрсийн эскархо а волуш Донецкехь тIом беш хиллийла.

Моторола Нохчийчохь хилла хилар бахьна ду тахана могIарерчу нохчаша цунах интернетехь иштта яздар:

«Ша лехнарг карийна!», «Дела сиха вац!», «Маьрша нехан цIий Iенийна кхиберш а тIаьхьахьоьхийла!», иштта кхин дIа а. Иштта комментареш язъяран бахьна ду, нехан дегнашкахь хIинца а цара йина чевнаш йирзина цахилар. Цунах дийцира юккъараллахочо Успанов Юнис.

Успанов: «Массарна а вайна хууш ма ду, цхьаболу салтий къинхетаме а хилла, кхиберш кхуза тIом бан бахка ца лууш лелла, ткъа вуьйш, нахана тIехь къизалла а еш лелла. Иштта боьха хIуманаш а гина вайна. Кхузахь тIом бина, Iама а Iаьмма, шаьш боккъала тIемалой бу а моьттина, хIинца цига бахна уьш тIом бан. Церан керах цхьа тIадам цIий балахь - Дала бекхам бойла царна.»

Моторола а, кхиберш а, Нохчийчохь тIом бан дикка Iама а Iаьмма, цул тIаьхьа Украинан дозанехь ГIирма а, Донецк а схьаяккха бахначохь байъича, нохчашна цхьа а хIума диканиг хуьлуш ца го кхечу юккъараллахочунна Товбулатов Вахина. Мелхо а, шайн гIийла Украинехь «сискал» йоккхучу нохчашна а бIостнехь дерза мега и хилларг а, хиндерг а, элира цо.

Товбулатов: «И боьха хIума йийна аьлла, вайна цхьа а диканиг хир дац. Украинехь шайн напха доккхучу нохчашна юккъе вайчарах цхьа газа а яхийтина, церан меттиг а талхор ю хьуна. Белла ма бовла вай, цхьа бежанаш санна ду-кх вай, дIалаьхккинчу агIора доьлхуш».

Оьрсийн эскархой шайн пачхьалкхо дакъалоцучу тIемашкахь байъича, церан сийна олий, урамашна а, ишколашна а цIераш тоьхку Оьрсийчохь. Моторолин цIе Санкт-Петербургерчу ишколана тиллийта, аьлла дIахьедар дина хIинцале цигара цхьаболчу политикаша.

ГIалгIайн мехкан куьйгалхочо Евкуров Юнус-Бека дIахьедар дина, Моторола валар - боккха бохам бу аьлла. Иштта, шен шеко яц иза вийнарш жоьпаллех кIерлхьарабевриг ца хилар, аьлла цо.

Донецкехь хиллачунна цкъачунна официала комментари йина яц Нохчийчохь, амма, бахархой хIинцале а кийча бу вийначу Моторолин сийнна, кхузахь ураман цIе тилла мега бохучунна. Шаьш дIабоьлла, боху цара, ишттачу нехан, нохчийн цIий Iенийначеран сий айдеш хиларах. Дуьйцу Соьлж-ГIалара вахархочо Майрбеков Ильяса.

Майрбеков: «Суна хетарехь, Донецкехь вийначу турпалхо ву бохучуьн цIе цхьана урамна тиллахь, со цецвер вац. Царна уьш цара тоьхкуш дIа Iаш ма ду вай».

Украинан дозанехь лаьттачу хьоло Оьрсийчуьра юккъаралла екъна шина декъе. Моторола а, и санна берш а бу, аьлла хета нахана цунна бехке.

Донецкехь а, ГIирмехь а динарг бахьнехь, Оьрсийчоь экономикан санкцешна кIела яхийтина дукхачу пачхьалкхаша. Донецкехь тIом беш берш шен эскаршна юккъехь бац бохуш даима а дIахьедарш до Оьрсийчоьнан Iедалша.

“Маршо Радион” доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьаяийта: 420 724 019832

XS
SM
MD
LG