ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьра хиламаш терахьашкахь


Стеган дахаре кеп-кепара хийцамаш бохьу йоьдучу замано. Хуьлу уьш сингаттаме я догделош.

Амма цхьабакъду, тIаьххьарчу заманчохь гонахарчу адамаша олуш ма-хаззара, «самукъадала меттиг бисина а бац».

Кху карарчу ГIадужу-баттахь гIайгIане хиламаш алсамо хаабелла. Царех цхьаберш.

10 эзар вахархочунна дуьхьал санкцеш яьхна меттигерчу Iедало. Церан бакъо яц мохк дIатаса, Iедална шайна тIера декхарш дIа ца лахь. Бу оцу тептаршкахь коммуналан декхар латтораш, кеп-кепара гIуданаш, алименташ хьарчийнарш , банкан кредиташ тIехь дерш а. I0 эзар сом Iедална хьо декхаре велахь, даха дог а дац, сатуьйсучу дозанал арахьарчу пачхьалкхе хьо кхочур ву аьлла. Махкарчу пурстоьпийн урхалло чIагIдарца и нах декхаре бу Iедална 3 миллиард сом. http://checheninfo.ru/I06449-v-spiski-nevyezdnyh-popali-bolee-I0-tys-zhiteley-chechni.html

Некъан бохамаш Нохчийчохь алсамбовларца доьзна, полицин белхахоша кху карарчу баттахь йолийначу рейдашкахь гучуваьлла 4 эзар некъан низам талхон шофер. Оцу юкъахь бу 147 бехна а болуш машенлелориш. Шина дийнахь яьккхира полицино 1452 машен долахошкара, цара латкъамаш барца, муьлхха а урамехула леларан къепе йохорца доьзна. «Кавказн узел» агенталле чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин хиллачу белхахочо ма-аллара, «некъан низам дохадо, доккхачу декъанна, шаьш полисхоша а, хьаькамаша а, церан гергарчара а». http://www.kavkaz-uzel.eu/articles/290894/

Оршотдийнахь бакъоларъяран «Меморил» центро арахецначу тептаро 17 къилбаседакавказхо ву политикан тутмакх лоруш. Церан могIаршлахь ву Кавказан къаьмнийн ассоциацин президент Кутаев Руслан. Урхаллехь болчеран лаамара а ваьлла, къам дохадаран хьокъехь гулам бина бакъонашларьярхо, киснахь кIомал карийна аьлла, набахте хьажийна. Адамийн бакъонаш ларъечу «Мемориал» центро политикан тутмакх лоруш, оцу тептаре ваьккхина наркотикаш лелорна бехке а вина, набахте хьажийна нохчийн «Кавказан узел» агенталлан журналист Гериев Жалавди. Иштта, дуьненаюкъарчу бакъоларъяран Human Rights Watch юкъаралло Гериев Жалавдис журналистикехь бечу балханна Iедало бина бекхам лору иза набахте кхачор. http://www.kavkaz-uzel.eu/articles/25I980/

Соьлж-ГIалахь 70 генетикан паспорташ делла Нохчийчохь тIемашкахь доьза байначу нехан гергарчарна. Оцу кехаташна тIеязъечу цIий-дилхан башхаллашца байнарш карабаре догдоху эзарнашкахь сатуьйсучу наха. Оцу документца хIинццалц карийнарг кхо стаг бен вац. Официалан терахьашца Нохчийчохь тIеман заманахь вайнарг 3 эзар сов стаг ву, ткъа бакъонашларъярхоша чIагIдарца, и терахь кхин а лакхара ду. http://www.kavkaz-uzel.eu/articles/290874/

Нохчийчуьрчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин хаамашца, «Исламан пачхьалкх» шех олучу тобан могIаршкахь Шемарчу тIамехь ву махкара 600 жимстаг. Царех дукхаболчарна дуьхьал айдина бехктакхаме гIуллакхаш. 341 стаг дуьненаюкъарчу лехамашкахь ву. «РИА -Керланаш» агенталлина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана хьалхо еллачу интервьюхь элира, махкара Шемарчу тIаме бахначех дукхахберш хIаллакбина, бисинчийн терахь 200 ду. http://www.kavkaz-uzel.eu/articles/290748/

Нохчийчуьрчу педагогикан доьшийлашкахь хIора шарахь иттанаш эзарнаш говзанчаш арахоьцу, амма хIетте а хьехархойн къоьлла лаьтта махкарчу школашкахь. Къона специалисташ школе балха а гIерташ, кхечу хьукматашкахь белхаш лехаран коьрта бахьана - педагоган алапа лаххара хилар. Дешаран, Iилманан министраллин хаамашца республикехь тахана тIеоьшу 400 хьехархо.ТIедогIучу шарахь хьехархойн алапа лакхадаккха некъаш лоьху Iедало, нагахь цуьнах гIуллакх ца хилахь, шеко яц, кхин а дуккхаъ хьехархой, Оьрсийчоьнан премьер-министро Медведев Дмитрийс ма-аллара бизнесе гIуртур бац аьлла. http://www.grozny-inform.ru/main.mhtml?Part=26&PubID=78I55

Ишта бу ГIадужу-беттан керла хиламаш. Ткъа ингалсхоша олуш ма-хиллара «No news is good news», аьлча а, керланаш хиллане а цахилар ду дика керланиг.

XS
SM
MD
LG