ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийн кица: Васькас ла а дугIуш, шен пхьор до


Шемарчу Алеппо гIалина тIе Оьрсийчоьнан хIаваан авиацино а, Асадан режимо а бомбеш еттар тIеман зуламаш санна лара догIу аьлла дIахьедар дина Цхьаьнакхеттачу къаьмнийн адамийн бакъонехь лакхара комиссар волчу ал Хьусейн Зейд Раада.

Сихонца и зуламаш талла ХIаагера Дуьненаюкъара трибунал йолаяла еза аьлла хеташ ву иза. ПIераскан дийнахь Цхьаьнакхеттачу къаьмнийн юкъараллин куьйгалле а, цу юкъараллин Женеверчу адамийн бакъонех йолчу Кхеташоне а ша бинчу видеокхайкхамехь цо Алеппорчу нахана тIехь латтош долу Iазап - иза „историкаллин масштабехь зулам“ ду элира.

„Дуьненан юкъараллин Алеппорчу маьршачу нахана орцах яла а, цу гIалахь цIий Iенор сацон а коллективе гуьнахь ца хиларо вайна цхьаьна мIаьргонна сапаргIат далар ца луш, вайна инзаречу гIенашкахь а тIаьхьа дуьхьал тийса дезаш ду“, - элира цо шен къамелехь. Дуьненан нуьцкъалчу пачхьалкхитйн куьйгалхоша шаьшна юккъера цакхетамаш юха а теттина, сихонца цу гIалахь оьрсийн, Шемарчу режиман эскарша лелош долу къизаллаш таллар Дуьненаюкъарчу зуламийн кхеле дIадала деза, аьлла тIе а тухуш.

Цхьаьнакхеттачу къаьмнийн адамийн бакъонех волу лакхара комиссар дуьхьарниг вац Оьрсийчоь а, Асадан режим церан эскарша Алеппорчу маьршачу нахана бомбеш еттарна Дуьненаюкъарчу кхеле озо еза аьлла дIахьедар динарг.

ХьастагIа Францин арахьарчу гIуллакхийн министро Эйро Жан-Марка а хьахийра шен урхалла Оьрсийчоь а, официала Шема а кхеле озон дагахь хилар. Шемарчу хьолан хьокъехь ша меттигерчу Франс Интер Радиона еллачу интервьюхь министро элира, шина пачхьалкхено маьршачу нахана а, лоьрийн цIеношна а бомбанаш етташ латтош йолу къизалла кхин дIа лан бакъо яц дуьненан юкъараллин, аьлла.

„Тхо реза дац Оьрсийчоьно Алеппо гIалина авиаеттарш деш лелочунна. Франци цкъа а ца хиллачу кепара Алеппон бахархошна орцах яла лууш ю“, - элира цо.

Амма Оьрсийчоь а, Шемара режим а шаьш лелочу тIеман зуламашна дуьненан юкъаралле жоьпе озалахь тамаша бу хьал тергалдечу аналисташна хетарехь. Шемара режим – и пачхьалкхе хиллане а Дуьненаюкъарчу зуламийн Кхелан декъа ца хиларна. Ткъа Оьрсийчоь дукха боккха тIеIаткъам болуш нуцкъала пачхьалкхе хиларна, шена луург бен дийр доцуш я дуьненан юкъараллина хетарг тергалдийр доцуш. Иштта, хьастагIа, политолога Асхабов Хьамзата Маршо радиоца шен хиллачу къамелехь шеконе диллира Кремл ша Алеппохь я кхечу муьлхачу а меттехь а тIеман зуламаш дарна жоьпе озон Малзбузенан ницкъ хир бу бохург.

Асхабов Хьамзат: „Суна хетарехь, оьрсийн пачхьалкхе бехке ю аьлла кхел цунна тIехь цаьрга ялур яц. Оьрсаша массаьрга а хам бац шун боху. Цундела, тIамца бен царна цхьанна а кепара бан тIеIаткъам дуьненан юкъараллин боцуш дIахIоттийна ду цара хьал“.

Цу юкъана Amnesty International адамийн бакъонаш ларъяран юкъаралло еари дийнахь шайн интернетерчу сайта тIехь зорбане даьхна оьрсийн, Асадан эскарша леринчу Iалашонца Алеппохь маьрша нах бехачу кварталашна а, ишколашна а, лоьрийн цIеношна а, маьждигашна а, бахаршна а, доцца аьлча, тIемаца цхьа а юкъаметтиг йоцучу машаречу объекташна бомбеш етташ хиларан видеойн а, сартийн а тоьшаллаш.

Юкъараллин аналисташна хетарехь, оьрсийн, шемахойн авиацин Iалашо ю, Алеппо хIуъу дина а, мел къизчу мехаца йина а, адамех цIанйан, и гIала цул тIаьхьа сихонца шайн куьйгакIела ерзорхьама.

Ала догIу, Оьрсийчоьно Алеппохь бомбеш еттар сацош, мораторий юккъеяккхинчигар цу гIалара цомгуш а, чевнаш йина а болу нах мукъане а пIераскан дийнахь арабаха Iалашо яра Цхьаьнакхеттачу къаьмнийн юкъараллин. Амма иза дан цу юкъараллин миссин белхахойн ка ца делира, Асадан режимо шайн белхахошна цхьанна а кепара кхерамазалла Iалашйийр хиларна гарантеш яла ца тикарна.

“Маршо Радион” доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьаяийта: 420 724 019832

XS
SM
MD
LG