ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кремлна - ловзарш, нохчашна а, шемахошна а - баларш


Кху тIаьхьарчу ткъе шина шарахь Нохчийчохь хилла ши тIом юха а бийцаре баьккхина Малхбузенан хаамийн гIирсаша.

Оьрсийчоьнан эскарша инзаречу къизаллица Шемарчу Алеппохь хIаваан тIелатарш дIадахьаро карладаьккхина Нохчийчоьнан коьрта шахьар, Соьлжа-ГIала, нохчийн тIемалошка схьаяккхархьама, бомбанаш а етташ дIашарйина хилар, малхбузерачу хIаамийн гIирсаша коьртах даккхар.

Цу артиклехь авторо билгалдоккху Путина Шеман хьокъехь дуьнене бохург ша Соьлжа-ГIалана бомбанаш йоьттийтучу хенахь баьхнарг дуйла: “Нохчашна йиттина ма-хиллар цо шемахошна бомбанаш етта царна диканна. ТIом – машар бу.”

Таханлерчу Оьрсийчоьнан тактикех кхета аьтто бу Москоха Соьлжа-ГIалана 16 шо хьалха динарг хьесапе эцча, бохуш яздинера Нугейред Наталис Гардиан газетехь кху беттан юьххьехь.

“ Cоьлжа-ГIаларчу операцих пайдаоьцу Оьрсийчоьнан ницкъаша малхбалерчу Алеппона дуьхьал дIахьош долчу хIаваан тIелатаршкахь. Кавказерчу тIамах язйина хиллачу кхечу журналисташна санна, суна а го параллелш”, бохуш дIахоуьйтура цо шен артиклехь.

Дроно Алеппохь яьккхинчу видеофилмах лаьцна, Киммелман Майкла Нью-Йорк Таймс газетехь язйинера: “цу видеога хьаьжчунна дагатаса там бу, цу видео филмо гойтург 1945-чу шеран Берлин, я шолгIа эзарчу шеран Соьлжа-ГIала ю” аьлла.

Алеппора къизаллех дуьнене кхочу тешаллаша масех Iедалхочуьнга кхайкхам байтина и къиза зуламаш деш болчарна дуьхьал тIеман трибунал кхолла еза бохуш. Цу Iедалхойх ву масала, Сийлахь Йоккхачу Британин Арарахьарчу ГIуллакхийн Секретар Джонсон Борис а, Цхьаьнатоьхначу Штатийн Пачхьалкхан Секретар Джон Керри а.

Цу шинан кхайкхамах аьшнаш а еш, ша тайпа жоп делла Оьрсийчоьнан Iамеркерчу дипломатийн векалто шен твитерехь кху кIирнах. Твитерехь хьалатоьхна ду Соьлжа-ГIаларчу исбаьхьачу керла хьалайоьттинчу гIишлойн суьрташ а, Керрига а, Джонсоне а диллина цинике хаттар а: тахана Соьлжа-ГIала маьрша а, кхузаманахьлера а, хьал долуш а гIала ю. Иза дац вай массара а Алеппона сатуьйсург?

Цу риторике хаттаро шеко цу йуьту Оьрсийчоьнно Нохчийчохь хиллачу шинна тIеман бохаман къизачу жамIах дозалла деш хиларан а, изза 'дика' болх ша Шемхошна а бан гIерташ хиларан а хьокъехь.

Ала догIу тайп-тайпа яра цу твитеран йозанна буха дешархоша язйина комменташ. Царах дуккхах ерш яра Нохчийчохь Оьрсийчоьнан эскарша лелийна къизаллаш дагалуьйцуш а, уьш емалъеш а. Масала, цхьамма хотту: маса каш тIехь хьалайина аш и гIишлош; ткъа, кхечамо, аьшнаш еш, дуьхьал цинике хаттар ло: хан тIе ца кхаьчча, Москох а иштта юха хьалайотта.

Нохчийчохь кхаьчначу Iалашоне кхачулур ю техьа Оьрсийчоь Шемахь, аьлла дагадан там бу Шемара хьала тергонехь латтош болчарна. Цу хаттарна жоп луш, Оьрсийчоьнан куьйгалхойн Iалашонах а дийцира соьга Джеймстаун Фаундейшн Вашингтонехь бухболчу аналистийн центран куьйгалхочо, Хаурд Глено. Ала догIу, Гленана дика девза Нохчийчохь таханалера хьал а, тIом болуш цигахь Оьрсийчоьнно лелийнарг а.

Глен вара Iамеркехь Нохчийчуьрчу шолгIачу тIеман юьххьехь кхоьллинчу ‘Нохчийчохь Машар Хиларехьа Iамеркан Комитетан’ куьйгалхо.

Хаурд Глен: “Оьрсийша Соьлжа-ГIала меттахIотточу заманчохь мехкадаьттан мах 110 доллар бара баррелах, ткъа хIинца цуьнан мах 40 доллар бу. ХIинца цхьа а хир вац Алеппо меттахIоттош. Оьрсийшна шайга цхьаьнга Шемара хьал листалур ду, аьлла хета Нохчийчохь шаьш ма-лисстара, амма цаьрга и данлур дац, цаьргахь хIинца гIора дац.

Цу хьокъехь хаттар кхоллало: нагахь санна цара Шема метта ца хIоттаяхь, ша ма-ярра саьлнашкахь Iилла йитахь, тIаккха цигахь мила вехар ву? Ткъа, суна схьахетарехь царна верриг суннит Шемара дIа а вахна, Европе дIехьаволийла лаьа. Европига Шема меттахIоттош харж яйта а лаьа, Асад куьйгаллехь а вуьтуш, Iалавит куьйгаллехь а вуьтуш.”

Тахана Соьлжа-ГIала хаза а, меттахIоттийна а го кхечу пачхьалкхашкарчу ‘Russia Today’ канале хьоьжучу телехьовсархошна а, Нохчийчу кхочучу цхьаболчу Оьрсийчоьнан туристашна а. Делахь а, царна гур бац иттанийн эзарнашкахь цигахь байина нах, гур яц нахана тIехь Нохчийчохь масех шарахь Оьрсийчоьнан эскарша латтийна жоьжахати.

Керлачу гIишлоша хьулйина и жоьжахати гур яцахь а, дуьненна иза йиц ца еллий гуш дара Оьрсийчоьнан векалто шен твитер тIехIоьттинчу суьрташна буха язйинчу комменташ ешча.

Хетарехь, нохчийн синош а, ткъа хIинца шемахойн синош а, исбаьхьачу гIишлойн мехал ца лоручух тера ду Кремлс. Синтеме ду-кх, цу комменташа а, цхьайолчу пачхьалкхийн хьукматийн куьгалхойн дIахьедарша а ма-гайттар, изза кхетам доллучу дуьненан ца хилар.

“Маршо Радион” доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьаяийта: 420 724 019832

XS
SM
MD
LG