ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

5 миллиард евроне кхоччуш ахча духку немцоша книжкашна


4,5 миллиард еврона киншкаш эцна немцоша даханчу шарахь. Оцу ахчанца яц интернетехула я супермаркаташкахь, я, аьр вай, бензин духкучу автогрилашкарчу йозанан продукци юхкучу дакъошкахь эцнарш. Уьш ю кхин а, мел кIезга а, миллиард евроне кхочуш.

Ткъа дерриге а киншкашка Германин бахархоша даханчу шарахь доьхкинарг 9 миллиард евро сов ахча ду.

И статистика немцойн киншкаш йохкаран индустрин векалша ялийна рогIерчу Франкфуртерчу киншкийн ярмаркина кечам беш. Кху шарахь гIадужу беттан 20-чохь болаелла и дуьненчрхь уггаре а боккхах а, тIеIаткъаме а болу литературин гайтам гIадужу беттан 23-гIа кхаччалца бахлур бу.

МайнтIерачу Франкфуртера киншкийн ярмарка 1949-чу шарахь дуьйна хIора гуьйранна дIахьош ю, амма цуьнан истори кхин дуккхаъ ехох ю. Ма-дарра аьлча, кху лаьттахь цхьа а киншкийн базар яц Франкфуртерниг санна шира орамаш долуш. ХIунда аьлча дуьххьара иза 500 сов шо хьалха хIоьттинера Германехь, 1473-чу шарахь.

Ткъа 1574-чу шарахь дуьйна иза регуляречу хиламе йирзина, юкъ-кара цхьацца-шишша шо ярмарка ца хIуттуш тIехдаьллехь а, амма Франкфуртехь шен даималера адрес а долуш. Ткъа и адрес а ларамаза хаьржина дац – Франкфуртана уллохь Iуьллучу Майнц гIалахь дуьххьара киншкашна зорба туху гIирс Гуттенберг ИохIанс кхоьллинчул тIаьхьа, оццу Iилманчано цу гIалахь дуьненчохь дуьххьара типографи схьайиллина хиларца доьзна ду киншкийн базар хIетахь дуьйна луларчу Франкфуртехь хIоттар.

Иштта цу заманчохь дуьйна кху лаьттахь киншкаш зорбане яхарца боьзна болу уггаре а мехала хиламаш а Майн тIерчу Франкфуртехь хуьлуш бара я цу гIалица муьлхачу а кепара хилла а боьзна хуьлуш бу.

Вайн заманчохь Франкфуртера киншкийн ярмарка – иза киншкаш а, кхин йолу зорбанан продукци а йохкар-эцаран меттиг хилла ца Iа. Иза доллучу дуьнентIерачу яздархойн а, литературан критикийн, агентийн а, филмийн сценареш язйархойн, зорбантийн, редакторийн, гочдархойн, доцца яьлча, йоза яздаран индустрица боьзна мел болчу говзанчийн уггаре а мехалох йолу цхьаьнакхетаран меттиг хилла дIахIоьттина.

Цу гайтаман тховкIелахь дIахьо тайп-тайпана конференцеш, форумаш, горгачу шуьнехь дийцарш. Яздархоша шайн ешархошца цхьаьнакхетарш до, шайн керла тексташ йоьшу. Литературан агенташ цигахь лоху керла, шуьйрачу юкъараллин ца бевза йозанийн похIманчаш. Зорбанташ авторшца миллионаш еврошна контракташ йо, шай-шайн уггаре а похIмалле автор дIалацарехь хьалха яла а гIерташ.

Деккъачу терахьашца аьлча, 2016-чу шарахь ярмаркехь бIе сов пачхьалкхерчу 7103 кампанино шайн продукци ешархойн тидаме йиллина. 122 махкара мел кIезга а рекорде 300 эзар хьаша кхочур ву гайтаме. Царах ах сов, аьлча а, 170 эзар профессионалаш хир бу, аьлча а, литератураца боьзначу белхашкахь болу нах хир бу уьш, ткъа вуьш дIаберш могIарера ешархой, ярмаркехь керла киншкаш ган а, эца а, шайна дукхабезачу яздархошца цхьаьнакхетаршкахь дакъалаца а гуллун болу. Цул совнаха, 10 эзар сов журналисто аккредитаци йина ярмаркехь, иза чекхйаллалца доллучу дуьнентIехь гойтуш ю цигара репортажаш.

Тамаша а бац. ХIунда аьлча, Франкфуртерчу ярмаркехь-м бакъболу яздархой гулбелла ца Iа, йигахь политикан а, исбаьхьаллин а, мукъамийн седарчий хуьлу дакъалоцуш, хIунда аьлча, цкъа делахь, хIоранна а лаьа интеллектуалийн могIаршлахь ша гайта, ткъа шозлагIа делахь, тIаьхьарчу шерашкахь шайн дахарех лаьцна автобиографеш язйар, аьлча, шайна хьалхара язйайтар вуно моде даьлла проминент ларлучу нахана юккъехь.

Кху шарахь, масала, хьешашна юккъехь ву вевзаш волу рок-мукъамча Брюс Спрингстин, шен киншкана презентаци ян веана волу. Ву иштта цIеяхханчу хьешашна модельер Майкл Корз а, Нидерландийн эла Виллем-Александр, Белгера эла Филипп а, цуьнан хIусамнана Матильда.

Кхин цхьа башхалла а ю МайнтIерчу Франкфуртера киншкийн ярмаркин. ХIора шарахь цига лерина сийдолу хьаша санна кхайкхина билгалйоккхий хуьлу цхьа пачхьалкхе. ТIаккха цу пачхьалкхан классикан а, вайнзаманахьлера а литература немцойн матте гоч а йой, гайтамехь леринчу кхерчахь ешархойн тидаме йиллина хуьлу, цхьаьнакхетаршкахь дакъалаца бахкабой хуьлу цу пачхьалкхера яздархой а, исбаьхьалхой а.

Яккхийн пачхьалкхеш хилла ца Iаш, кегийранаш а, Европехь мелла а экзотикалле санна лору мехкаш а нисло царна юккъехь. Я, мелхо а, вуно генара а, тароне а литературан ламасташ а долуш, амма Малхбузерчу ешархошна дика ца евза къаьмнийн литература, масала, 2013-чу шарахь киншкийн ярмаркин сийлахьа хьаша хилла Аргентина санна, дуьненна Хулио Кортасар а, Хорхе Луис Борхес а, кхин цхьа могIа баккхий яздархой белла йолу.

Я кхушарахьлера ярмаркин хьаша Фландрия санна. Я масех шо хьалха официале Мадрид реза йоцушехь ша къаьстина ярмаркин хьаша йина йолу Каталони санна, иза Испанин дакъа делахь а.

“Маршо Радион” доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьаяийта: 420 724 019832

XS
SM
MD
LG