ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Норд-Ост" - 14 шо кхаьчна зулам дина


14 шо хьалха Оьрсийчоьнан исторехь уггаре дукха цIий Iанийначарех ларало терроран талор хилла Москох – Дубровкерчу театрехь «Норд-Ост» мюзикл йоьдуш, цу чуьра 1000 гергга стаг закъалте лаьцча.

Театр д1алаьцначара Кремл декхарейора Нохчийчохь тIемаш бен эскарш арадаха. Кхо де даьлча, беш лаьтта барт а бохийна, Iедало тIелатарца мукъаяккха йолийра гIишло.

ХIинца а муьлха хилла хоуьйтуш йоцу газ чу а хецна, хIаллакбира нах. 130 маьрша вахархо велира, 700 стеган могашалла талхийра, вийра массо а террорхо.

Цул тIаьхьа 8 шо даьлча Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхело сацам тIеийцира, Оьрсийчоьнан Iедало нехан дахар а хадийна, нийса кхел ян а новкъарло йина аьлла.

Ткъа Оьрсийчоьнан Талламан комитето ца айдира штурм йиначарна дуьхьал бехктакхаман дов.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG