ТIекхочийла долу линкаш

Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штатийн тIеман министро Картер Эштона Оьрсийчоь бехкейо цо Шемара конфликт марсаяхарна. И дIахьедар Картера дина БагIдадехь.

Кремл ша даIишхошца къийсалур а ю, шемахошлахь машар а бийр бу, аьлла, юкъъагIоьртина, амма кхин а кIаргбина тIом, бестийна гуманитаран бохамаш, аьлла Картера.

Оьрсийчоь дуккхаза а бехкейина маьршачу объекташна тIе авиатохарш дарна. Ткъа цо ша «Исламан пачхьалкх» олучу тобанашна тIеетта ша бомбанаш а, ракеташ а бохуш чIагIдо.

XS
SM
MD
LG