ТIекхочийла долу линкаш

Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министраллехь бакъдо цуьнан сайт хакерша еллар, цухнах даредина дипломатийн векало Захарова Марияс Маршо Радиога. CNN телеканало хьалхо хаамбира, The Jester ("Забарениг") шех олучу хакеро-Iамеркахочо оьрсийн арахьарчу гIуллакхийн министраллан сайт йиллина, цу чохь йоза а дитина аьлла.

«Шун аьтто болуш хила а тарло гонахара мехкаш кхеро, амма хIара Америка ю, кхузахь цхьа аш шек а ца ваьккхина», - аьлла хилла и йоза. CNN хаамца, Iамеркара сайташ оьрсийн хакерша йохорна бина бекхам бу хакеро дина зулам.

Карара бутт болалуш Iамеркан Штаташа Оьрсийчоьнна бехкбиллира цигара хакерш шайн президентан харжамийн боламна юкъагIерта аьлла. Москох къера ца хилира.

XS
SM
MD
LG