ТIекхочийла долу линкаш

Террорхо хила мега аьлла ши стаг вийна Лахара Новгородехь


Оьрсийчоь -- Лахара Новгород, Террорхо хила мега аьлла ши стаг вийна.

Оьрсийчоь -- Лахара Новгород, Террорхо хила мега аьлла ши стаг вийна.

Къайлаха герз лелочу тобанан декъашхо вийна шаьш Лахарчу Новгородехь аьлла дIхьедар дина Iедалан векалша. ТАСС агенталло бинчу хаамца, «Цветы» олучу микрокIоштехь тIеман операци дIаяьхьна Оршот Iуьйранна. Корта айпе бина СОБР олучу полицин тобанера ши белхахо кхачийна дарбанан хIусаме.

РИА Новости агенталло бинчу хаамца, вийна ши стаг террорхо ву аьлла шеко хилла ницкъаллин структурийн. Церан цIераш йохуш яц.

XS
SM
MD
LG