ТIекхочийла долу линкаш

Евробертан пачхьалкхашка баха кестта виза оьшур яц украинахошна


Украинин президент Порошенко Петро. 2016, ГIад.

Украинин президент Порошенко Петро. 2016, ГIад.

Украинина а, Евробертана а юкъахь виза оьшуш йоцу раж болх бан йолалур ю Лахьан-беттан 24-чу дийнахь дуьйна, аьлла дIахьедар дина Украинин президенто Порошенко Петрос. Цу хенахь хила езаш ю Украина- Евробарт саммит.

Украинерчу телеканалашна интервью луш, Порошенкос хаам бира, шайн барт хиларх лаьцна и саммит тIекхачале оьшуш долу кехаташ кечдан.

Президенто Порошенкос дIахьедар дина, дуьненаюкъарчу дагадовларшкахь мохь ца хьокху ша, Оьрсийчоьнан президентана Путин Владимирна а тIе мохь ца хьийкхира ша Берлинехь хиллачу цхьаьнакхетарехь, амма дийхира цуьнга Донбассехь герздеттар сацаде аьлла.

XS
SM
MD
LG