ТIекхочийла долу линкаш

Иркутскерчу Марковка кIоштахь Кадыровн куп кхолла Iалашо лаьцначу бизнесхочун Абубакарова Еленина дуьхьал бехктакхаме гIуллакх даьккхина прокуратурано.

Кху шеран аьхкенан юьххьехь Байкалехь, Иркутскан Марковн юьртарчу яхархочо, бинесхочо Абубакарова Еленас шен лаьттатIехь, Кадыров Рамзанан цIарх куп ян лерина ша хилар Iорадоккхуш Интернетехь видеокхайкхам баржийнера.

Иркутскана 10 чакхарма генарчу юьртахь, шен доларчу лаьтта тIехь иттанаш цIенош дан Iалашо лаьцнера совдегаро ша доггах лоручу Кадыровн сий айдархьама.

Нохчийчуьрчу Iедале а ша хаийтина, баркаллаш бехира шена, бохуш дуьйцура Абубакарова Еленас, цунах кхаъ хилла.

Ткъа бацара баккхийбеш оцу кIоштан бахархой-м, уьш цакхетарал совнаха, инзарбаьхнера оцу зудчун лаамо.

Юрт гулеълла бехкаш дехира цара, шайна мила ву а ца хуучу, вевзаш воцчу, цкъа а гина а воцчу стеган цIе шайн махкахь стенна яржайо бохуш.

Бахархоша сихонца интернет-петици кхоьллина, куьйгаш гулдан буьйлабелира, шаьш резацахилар хоуьйтуш.

Приангарьян губеранторо Левченко Сергейс ша толлур ду, хIун бакъо ю Абубакарова Еленин Кадыровн куп кхолла аьлла, тидаме эцнера бахархойн дуьхьалонан кехат.

Цул совнаха аьрзанш дира Марковн бахархоша бизнечхочо шайн бакъонаш ца ларъяро бохуш.

Шега хоттуш хIума а доцуш, шен керт дIаяьхьна цхьамма боху, вукхо кхерамаш тийисира шена, кхолгIачо бизнесхочун цIинда шех леттера боху.

Кху деношкахь юха а керла видеокхайкхам Iорабаьккхина Иркутскерчу совдегаро Абубакарова Еленас. Нохчийчоьнан куьйгалхоче арз до цо хIинца.

Приангарьерчу Iедалхоша тIеIаткъам бина шена, хьан цIарх куп ян суна дуьхьалонаш еш, боху цо. КадыровгIеран доьзале болчу ларамца ша кхуллучу хIусаман комплексан цIе хийца бохуш, кхерамаш туьйсура шена гонахарчара, дуьйцу совдегаро.

Иркутскерчу прокуроро ГIадужу-беттан 8-чу дийнахь бехктакхаме гIуллакх шена дуьхьал айдарца, карарчу хенахь ша Iедалх лечкъаш лела, бераш, хIусам дIа а тесна, бохуш даредо Абубакаровас.

Цо дийцарехь, Марковн администрацино юкъараллина хетарг тидаме а эцна, Кадыровн цIарх цIенош дан леринчу меттигера 6 лаьттан куп дIаяьккхина совдегархочун долара.

ГIо доьху бизнесхочо Кадыров Рамзане.

Бахархойн аьрзнаш хьокъехь баьхкина Iедалан белхахой шена декъатIе ца буьтуш, пурстоьпана тIе трактор тохаза елира Абубакарова бохуш, хьалхо хаам бира талламан комитетан пресс гIуллакххоша.

Цул тIаьхьа бехктакхаме гIуллакх даьккхина оцу зудчунна дуьхьал талламчаша, Iедалан белхахо вен гIортарна аьлла. 10 шаре кхаччалц набахтехь яккха хан йогIу низамашка диллича Абубакарова Еленина.

Iедалан хаамашца, Абубакарова къайлаяьлла, прокуратурано ша кхеле озийча, карарчу хенахь иза лехамашкахь ю.

Ткъа ша дIаязйина, гIаряьккхинчу видеотIехь бизнесхочо, ша кхеташ яц боху, хIун бехк кхийдабо шега прокуратурано.

Маршо Радион зIе ца тасаелира Иркутскан прокуратурица.

«Лараме Рамзан Ахматович, лараме Нохчийчоьнан куьйгалхо, даггарчу, хьо лара хьакъволчу пусарца лаам хиллера сан хьан цIарх хIусаман куп кхолла со ехачу юьртахь. ХIинца соьца Иркутскан Iедалша лело харцо эшорехь орцах валахьара хьо, Делан дуьхьа, гIо дахьара ахь суна» боху Абубакарова Еленас.

Бизнесхочо орца доьхучу видеога хьуьйсучара кеп-кепара комментареш юьту бухахь. Шогаллица язйина ю дукхахъерш.

Берриге а 10 урам бу Кадыров Рамзанан цIарх цхьацца мехкашкахь.

Масала, Урдунерчу Амманехь урам, ткъа Соьлж-ГIалахь сквер.

Кадыров Ахьмадан цIе лелайо 5 парко, 1 скверо, 2 аллейно, 2 проспекто, 47 урамо, 2 маьждиго.

Израилерчу Абу-ГIошахь урам а, маьждиг а ду Кадыров Ахьмадан цIарх.

ЦIонтрахь школа, берийн бошмаш, кадетийн доьшийла, гимнази.

Цул совнаха, дуккхаъчу Нохчийчуьрчу кIошташкахь хIиттийна хIолламаш ду Кадыров Ахьмадан сийнна.

Къилбаседа Кавказерчу мехкийн гIаланашкахь 4 шо хьалха масех урам билгалбаьккхира Кадыров воккхачун сийдеш: Налчикехь, ХIинжа-ГIалахь, Магасехь а.

Билггал къастаза ду. Иркутскехь, Нохчийчоьнна 6000 эзар чакхарма генарчу махкахь кхуьур ю я яц Кадыров Рамзанан цIарх куп?

Тоьар буй-те бизнесхочун Абубакарова Еленин ницкъ меттигера Iедал эшорехь?

ХIун аьлла хир ду Кадыровн жоп?

Хеттарш дуккха а гулло, ойла шор мел ло а… Царна жоьпаш хан-замано лур ду.

Facebook Forum

XS
SM
MD
LG