ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Iамеркин эскархой дIатарбеш бу Норвегехь


Норвегия -- Норвегин эскархой бу тIеман Iаморашкахь. 13 Заз. 2014, Къилбаседа Норвеги.
Норвегия -- Норвегин эскархой бу тIеман Iаморашкахь. 13 Заз. 2014, Къилбаседа Норвеги.

Iамеркин хIордан гIашсалтий цхьана ханна шайн территори тIехь дIанисбан сацам бина Норвегин Iедало. Иза хир ду тIедогIучу шарахь дуьйна. Цунах лаьцна хаам бина Норвегин тIеман министралло Оршотан дийнахь.

Норвегин Iедалан векалша билгалдаккхарехь, ШолгIа Дуьненера тIом дIабирзинчул тIаьхьа кхечу пачхьалкхийн эскархой дуьххьара дIанисбеш бу церан территори тIехь.

ТIеман министраллан векалша дийцарехь, 330 Iамеркин хIордан гIашсалти дIатарвийр ву Вэрне (губерни Нур-Трённелаг) олучу тIеман базехь. НАТО-но кхоьллинчу пачхьалкхех цхьаъ а, юххера Iамеркин Цхьаьнатоьхначу Штатийн бертахо а ю Норвеги.

НАТО-н эскарш мосуьйттоза хилла цу Скандинаверчу пачхьалкхехь тIеман Iаморашкахь дакъалоцуш, амма цкъа а ца хилла уьш цигахь дIатардина.

Норвегин тIеман министро Эриксен Сёрейде Инес (зуда) дIахьедар дина, Iамерка мехала бертахой ю шайн аьлла.

Хьалхо, Рейтерс агенталлана интервью луш, министро шаьш саготта ду элира, ГIирма дIалаьцначул тIаьхьа Оьрсийчоь тIеман жигаралла гойтуш хиларна аьлла.

Оьрсийчоьнца Арктикехь доза ду Норвегин.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG