ТIекхочийла долу линкаш

80 сов бакъонашларйон организаци дуьхьал ю Оьрсийчоь дуьненаюкъараллан Кхеташонехь хиларна


Швейцари -- Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацин адамийн бакъонашкахула Кхеташо, Женева,18Манг.2016

Швейцари -- Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацин адамийн бакъонашкахула Кхеташо, Женева,18Манг.2016

80 сов дуьненаюкъарчу адамийн бакъонашкахула йолчу вовшахтохаралло а, гуманитаран тобано а дIахьедар дина Оьрсийчоь дIаяккха еза Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацин адамийн бакъонашкахула йолчу Кхеташонна юкъара.

Цунах лаьцна схьадиллина кехат хьажийна цара Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацин декъашхой йолчу пачхьалкхашка.

Адамийн бакъонашкахула йолчу органицазеш билгалдоккху оьрсаша а, Асадан ницкъаша а бомбанаш еттарехь лелош ю дуьненаюкъаралло йихкина йолу кассетан бомбанаш.

Цу кхайкхамехь далош ду Amnesty International организацино Оьрсийчоьнан а, Шеман а авиацино Алеппохь дарбанан хIусамашна бомбанаш еттарх лаьцна долу тоьшаллаш.

Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацин адамийн бакъонашкахула йолчу Комиссин декъашхойх цхьаъ ю Оьрсийчоь. Цуьнан хан чекхйолуш ю кху шара. Делахь а, юха а цу Комиссин декъашхо хила лууш ю иза.

Кехат яздинчу организацешна юкъахь ю ХIюман Райтс Вотч (Human Rights Watch), Кейр Интернейшнл (Care International), ткъа иштта иттаннаш кхин йолу организацеш а.

XS
SM
MD
LG