ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Эшахь Иракъан территори тIехь лаьтта тIехула тIеман операци дIайоло кийча ю Туркойчоь


Туркойчоь - Туркойн эскархой бу Шеман дозанехь, 26Марс.2016.
Туркойчоь - Туркойн эскархой бу Шеман дозанехь, 26Марс.2016.

Луларчу Иракъан территорин тIехь тIеман операци дIайоло мега шаьш, нагахь шайн кхерамазаллана кхерам хилахь аьлла, дIахьедар дина Туркойчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министро Чавушоглу Мевлюта.

Туркойн телеканалана интервью луш, цо элира Iедал кийча ду оьшуш болчу берриг а ницкъах пайда эца, шайна юкъахь лаьтта тIехула операци дIаяхьар а долуш аьлла.

Чавушоглус билгалдаккхарехь, Шемахь Туркойчоьно лелош дерг масал ду, уьш кийча хиларан шайн территорин кхерамазалла ларъян.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG