ТIекхочийла долу линкаш

Дахначу шарахь NewsEffector мониторинган агенталло, «Оьрсийчоьнан регионаш» фондаца цхьаьна талламаш бира, уггаре а ирсе гIала билгалйоккхуш.

Талламчаша чIагIдарехь, 100 яккхийчу гIаланашкахь веха 26 900 стаг зийначул тIаьхьа билгалдаьлла Соьлж-ГIалахь бехаш хилар уггаре а ирсе бахархой.

Иштта ца хуьлийла а дац, хIунда аьлча…

Соьлж-ГIалахь ду уггар доккха маьджиг, ша саннарг, Оьрсийчохь-м хIунда дуьйцура, йоллучу Европехь а доцуш. 2008-чу шарахь дина даьлла маьждиг Кадыров Ахьмадан цIарх ду. Соьлжан хийистехь, 14 гектар гонах парк а йолуш, еа мимарийн локхалла 23 метар йолчу гIишлон арахьара а, чоьхьара а пенаш шагатIулгах дина ду. 36 люстра кхозу тхевнех, царех 26-мма дагадоуьйту Иерусалимера Куббату-ас Сахра маьждиг, ткъа уггар йоккха, 8 метар йолу люстра шен кепаца тера ю Меккерачу Каабех. Люстраш ечу ювелираша масийтта тонн борза дайарал совнаха, 2,5 кила цIена деши а, миллион Сваровскин кристалан алмазаш а юкъатоьхна. Болчу хаамашца, 700 миллион сом ахча даьлла маьждиган го тобеш, ткъа серло еш 200 миллион сом дайина. Дерриг мел ахча тIехьажийна маьждиг деш Iедало къайладаьхьна, хоуьйтуш дац.

Соьлж-ГIалахь ю дуьненахь ша цхьаъ бен йоцу уггар йоккха фонтан. Цуьнан йохалла 300 метар, шоралла 40 метар лору. 60, 80, 100 метар лакха йолу фонтанан хинан кIеж. Чахчарин гонах 3600 бес-бесар прожектор ю. «ДоттагIий! Уггар йоккха фонтан схьайилли! Уггар йоккха хиларал а совнаха, ю и уггар хаза а, мукъаме а. Цхьаболчу тергамчаша бакъдо Дубайра фонтанел а тоьлаш и хилар», аьлла Инстаграмехь хаам баржийра Кадыров Рамзана, фонтан схьайиллинчу дийнахь. Мехкан куьйгалхочо тоьшалла дарехь, 60 миллиард сом бу и фонтан яран мах.

Соьлж-ГIалахь ю уггар йоккха парашютан центр. Ницкъаллин структурийн белхахой кечбар доцург, цигахь могIарерчу нехан а таро хир ю аэродинамикан биргIи тIехь стигланан лакхене вала а, юха парашютца чуэккха а. Дропзонин коьртачу гIишлочохь 30 чоь ю, 200 стаг чу тарвеш кафе ю, парашютан спортан корматаллина Iамон 7 школа а. Нохчийчоьнан куьйгалхочун гIовса Мартынов Даниила бахарехь, тIеман тобанаш Iамийна ца Iаш, оцу центрехь мехкан бахархойн, туристийн аьтто хир бу шайн Iамораш дIадахьа.

Соьлж-ГIалахь белхаш дIахьош бу уггар лакха стигал-бохь Ахьмад-Тауэр еш. ГIалин администрацино дийцарца, 100 гергга белхало а, 12 лерина техника а тIеоьзна белхаш жигарбаьхна Iай дуьйнна. Бу царлахь Германера кхайкхина балийна говзанчаш а. Ши шо хьалха дуьйнна дийцарш дора Кадыров Ахьмадан цIарх Соьлж-ГIалахь бIов йогIа еза бохуш. Оьрсийчуьра а, кхечу пачхьалкахшкарчу а инвесторийн гIоьнца ян езаш хилар билгалдоккхуш. Кеп-кепарчу эксперташа мах хадорца, кхаа шарахь йина яла леринчу оцу гIишлонна хьалхо 500 миллион доллар гергга ахча оьшу баьхнехь а, керла леринчу жамIашца 1 миллиард доллар хадийна мах. Соьлжин йистехь, Грозный-Сити комплексна дуьххьал 19 гектар лаьтта тIехь ян йолийна Ахьмадан-Тауэр. Стигал-бохьан локхалла нохчийн ширачу ха даран бIовнан кепехь хир ю, шен локхалла 400 метар а йолуш. Цу чохь хир ю офисийн, хьешан хIусамаш, физкултуран, могушалла тояран комплекс, Iилманан центр, панорамин ресторанаш, дуьненаюкъарчу къаьмнийн даарш деш, кинотеатраш, 100 петар, бассейнаш. Махкарчу бахархоша-м ца до дозалла я уьш баккхий а цабоь. Царна хетарехь, уггар экономикан кризис ловчу махкахь оьшург: индустрин хьукматаш, юьртабахамаш, стом кхиор, даьхний лелор. Стенна оьшу и гIишлош, яздо дуккхаъчу бахархоша социалан машанашкахь, цхьанна а оьшуш йоцу, я пайда эца таро а йоцу. Масала, боху цара, масех шо хьалха схьайиллира «Грозный –сити», «Гранд-парк», «Гудермес-сити», «Аргун-сити»… Еса лаьтта цу чуьра хIусамаш, нехан таронаш цахиларна царех пайдаэца. Масала, Европехь уггар лекха лоруш ю йина ялаза Москохара стигал-бохь «Федерацин бIов», цуьнан локхалла 373 метар ю, цунна юххера «Меркурий Сити Тауэр» (339 метар), Лондонера Тhe Shard (310 метар). Рекорд йоккхуш лара мегар ду, гарехь, шен локхалла 400 метар хин йолу Соьлж-ГIалара бIов Ахьмад-Тауэр.

Соьлж-ГIалахь кеста неIарш схьайоьллур ю Оьрсийчохь а уггар йоккхачу школано. Махкахь школаш цатоарна, бераш кхаа рожехь деша декхаре хилар тидаме а эцна еш ю и керла гIишло. Кхаа гIатах лаьтташ хир ю йина яла герга йолу доьшийла. Цигахь деша таро хир ю 1300 беран. Шиъ бассейн, волейболах, баскетболах, футболах ловза майданаш хIинцале а кийча ю, хаамашкахь дийцарехь. Мукъаденошкахь шайн цIа а доьлхуш, ерриг хан школехь яккхийта Iер-дахаран хьелаш кхуллуш ду оцу школехь. Дешаран шо долалуш символикан горгали бекнехь а, хIинца а кийча яц школа бераш тIелаца, амма белхахоша чIагIо йо карара шо дерзале белхаш шаьш берзор бу аьлла.

Уггаре йоккха къайле ю Соьлж-ГIалахь Iаламат лекха гIишлош хIитто а, миллионашкахь долларш а луш, пана-махкара артисташ кхийла а Кадыровна ахчанаш карор. Кхин а инзаре ду цо луш долу жоп - "Дала схаькхъовдадо!" Бакъду, рицкъа Делера ду бохург. ...Амма юкъарло лелош а, и рицкъа доьзал кхаббал схьакхочош хьадалча ца хилча?

Facebook Forum

XS
SM
MD
LG