ТIекхочийла долу линкаш

Шемара Ракка маьршаяккха кийча ду коалицин эскарш


Франци -- Iамеркин тIеман министр Картер Эштон а, Францин тIеман министр Ле Дриан Жан-Ив а, Париж, 25ГIад2016

Франци -- Iамеркин тIеман министр Картер Эштон а, Францин тIеман министр Ле Дриан Жан-Ив а, Париж, 25ГIад2016

Iамерко куьйгалла дечу коалицин эскарш кийча ду Исламан пачхьалкх олучу тобано дIалаьцна Шемара Ракка гIала маьршаяккхар Iалашонца тIеман операци дIайоло. Цунах лаьцна дIахьедар дина Iамеркин тIеман министро Картер Эштона.

Цо дийцарехь, оццу хенахь коалицино дIадолор ду экстремисташ шайн Iуналлехь латтон Иракъера Мосул маьршаяккхар.

Парижехь коалицина юкъайогIучу 13 пачхьалкхан тIеман министрийн цхьаьнакхетар дIадирзинчул тIаьхьа хиллачу зорбанан конференцехь Картера элира, планаш ийна хир ю, ткъа шаьш шайн Iалашоне кхача кийча ду аьлла.

Мосулера Исламан пачхьалкх олу тоба араяккхар Iалашонца Иракъан эскарша операци дIахьон ду 9-гIа де.

XS
SM
MD
LG