ТIекхочийла долу линкаш

Къен нахана пособеш далийта дагахь ю Оьрсийчоьнан финансийн министралла


Оьрсийчоь -- Оьрсийчоьнан финансийн министран когаметта Нестеренко Татьяна, Москох, Лахь.14, 2014

Оьрсийчоь -- Оьрсийчоьнан финансийн министран когаметта Нестеренко Татьяна, Москох, Лахь.14, 2014

Къен нахана пособеш далийта дагахь ю Оьрсийчоьнан финансийн министралла. Цунах лаьцна, «Оьрсийчоьнан газетана» интервью луш, дIахьедина финансийн министран когаметто Нестеренко Татьянас.

Цо дийцарехь, цу тайпа пособеш долуш ду дуккха а пачхьалкхашкахь. Цу тайпа ахча эца бакъо хир ю пачхьалкхехь хIоттийна уггаре а лахара рицкъан барам кхочуш болу доьзалш.

Оьрсийчоьнан Iедалша 2017-2019 шерашна леринчу бюджетехь къен нахана цу тайпа социалан гIо дар билгалдаьккхина дац. Росстатан информацици 22 миллион гергга къен стаг ву вехаш Оьрсийчохь.

XS
SM
MD
LG