Асад Башаран режимана дуьхьал Малхбузено санкцеш кхайкхийначул тIаьхьа Оьрсийчоьно кхин а алсам гIортор йийр ю Шемарчу Iедална. Цунах лаьцна Шеман а, ГIажарийчоьнан а арахьарчу гIуллакхийн министршца цхьаьна шен хиллачу зорбанан конференцехь дIахьедар дина Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министро Лавров Сергейс.
Еарин дийнахь Евробарто санкцеш кхайкхийна Асадан Iедалехь лаккхарчу даржашкахь волчу 10 стаганна дуьхьал. Малхбузено бехке еш ю Асадан режим маьрша бахархошна бомбанаш еттарна а, химин а, биологин а герз лелорна а.