ТIекхочийла долу линкаш

Оьрсийчоьнан а, Iамеркин а кеманаш Шемахь дукха кхераме улле дахана вовшенна


Iамеркин ТIеман министралло хаам бина, Оьрсийчоьнан а, Iамеркин а кеманаш Шеман стиглахь дукха кхераме улле дахана вовшенна аьлла. Иза хилла Шеман стиглахь кху беттан 17-чу дийнахь.

Iамеркин ТIеман хIаваан ницкъийн инарло, Гергарчу Малхбалехь хIаваэхь дIахьочу тIеман операцин буьйранчо ХIарриджан Джефрис аьлла, и Оьрсийчоьнан а, шайн а ши кема вовшахкхеттаза даьлла аьлла.

Кеманаш хилла, дIадайина чиркаш а долуш, вуно чехка доьдуш. Iамерки кеманна Оьрсийчоьнан кеманна тIекхета ах миля а бен йисина ца хилла.

Iамеркин инарло дийцарехь, Оьрсийчоьнан тIеман кема хилла шайн талламан кема лардеш доьдуш.

XS
SM
MD
LG