ТIекхочийла долу линкаш

Шемахь Асад Башаран ницкъаша керла тIом болийна Шоьтан дийнахь оппозицин тобанаша шайгара схьаяьхначу Алеппон кIошташкахь. Шеман официалан хьосташа а, оппозицин векалша а дийцарцехь, Шеман арми тIом беш ю, авиацино бомбанаш етташ гIо а деш.

Асадан Iедалша Iуналла дечу хаамийн гIирсаша чIагIдо, шайн эскарша юхатоьхна, оппозицин ницкъаша Алеппон къилберчу а, малхбалерчу а кIошташкахь дина тIелатарш, бохуш.

XS
SM
MD
LG