ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мосулна гергагIерта Иракъан эскарш


Шинарийдийнахь Мосулехь Иракъан тIемалоша меттигера телестанци дIалаьцна аьлла, даржийна Рейтерс агенталло, пачхьалкхан эскарийн буьйранчийн хаамашна тIе а тевжаш. Оршотдийнахь Иракъан эскарш Мосулан Ал-Карама кIошта чудаьхкинера.

Цхьанатоьхначу къаьмнинй организацин (ООН-н) векало Шамдасани Равина бахарехь, юхабовлучу хенахь цигарчу бахархойх 25 эзар маьрша нах дийна турс а йина, дуьхьалтуьйсура ДАIИШ-ан тобанаша. Коьртехь Iамеркан Цхьанатоьхна Штаташ а йолуш коалицин авиацино дуьхьало ярца, маьрша бехира нах.

«Исламан пачхьалкх» шех олучу тобанаша 2014-чу шарахь дуьйнна лаьцна латтош яра Мосул.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG