ТIекхочийла долу линкаш

Дуьненаюкъарчу журналистийн федерацин хьосташна тIе а тевжаш, РИА Керланаш агенталло яздо, 2016-гIа шо даладелчхьана шайн белхан декхарш кхочушдечу хенахь дуьненан пачхьалкхашкахь велла верриг а 66 журналист. 2013-чу шарахь Цхьанатоьхначу къаьмнинй организацин (ООН-ан) Инарла Ассамблейно билгалдаьккхинчу журналисташна дуьхьал дина зуламаш таIзар доцуш цадитаран де герга кхоччуш Iорадаьккхина и терахь.

Федерацин хаамашца, ОвхIанистанехь 11 журналист вийна, Мексикехь 8, Иракъехь 7, Шемахь, Йеменехь, Пакистанехь, ХIиндойчохь, Гватемалехь пхиппа вийна, Бразилехь 3, Ливихь, Туркойчохь, Сомалихь, Филиппинехь шишша, Гвинеехь, Урдунехь, Къилба Суданехь, Украинехь цхьацца.

XS
SM
MD
LG