ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Абдурахманов Тумсона тховкIело ца елла гуьржаша


Абдурахманов Тумсо, Гуьржийчоь, 2015.
Абдурахманов Тумсо, Гуьржийчоь, 2015.

Оьрсийчоьно федералан лехамашкахь волчу Соьлж-ГIалин 31 шо долчу вахархочунна Абдурахманов Тумсона политикан тховкIело ца елла Гуьржийчуьрчу мигрантийн гIуллакхашкахула йолчу урхалло. Нохчийчуьрчу Iедалера шен дахарна кхерам буйла хиича дезна нохчочун Гуьржийчу вада. ГIадужу-Беттан 31-чу дийнахь Гуьржийчоьно бовзийтина мухIажир тIе ца лаца шаьш бина сацам.

«Кавказан узел» агенталлин долахь ю Абдурахманов Тумсон дехарна дуьхьало йинчу кехатан копи.

«Абдурахманов тхан пачхьалкхехь витар цхьанадогIуш дац Гуьржийчоьнан интересашца» аьлла ду дуьхьалояран бахьана.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG